ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин ницкъаша гоне лаьцна ГIиргIазойчохь экс-президентан Атамбаевн цIа, иза ша дIавигина


ГIиргIазойчохь президент лаьттинчу Атамбаев Алмазбекан Бишкекна гена йоцчу Кой-Таше юьртара хIусам гоне лаьцна, хаам бина цуьнан агIончаша шоьтан дийнахь. Социал-демократин партин векала Жолдубаева Кундуза хаийтина "Интерфаксе", экс-президент лаьцна, аьлла. Полицерчу информацица, Атамбаев бехкево махкара хьал чолхедаккхарна.

Селхана Бишкекехь вовшахлетта тайп-тайпана политикан агIонаш – Атамбаевгахьара болу а, Iедалан коьрте Жапаров Садыр хIотто лгIерта нах а. Маршо Радион ГIиргIазойчуьрчу корреспондента дийцарехь, Жапаровн гоно тIулгаш, шишанаш кхийсина Атамбаевна а, цуьнца хиллачарна а тIе.

Пачхьалкхан могашаллин министраллера болчу хаамца, 7 стаг ву лазийна, царех шиъ виллина дарбан цIийне. Полицино бахарехь, герз кхетта селхана шина стаганна.

Тахана, шоьтан дийнахь, парламент яра консультативан дийцаршка гулъяла езаш – иза шолгIа гулам бу депутаташа кху беттан 4-чу дийнахь махкарчу къепедацарех а, чекхбевллачу парламентан харжамийн жамI низамера даккхарх а лаьцна дан долийначу дийцарийн.

ПIераскана ГIиргIазойчоьнан президента Жээнбеков Сооронбайс омра арахецна махкахь кхераме хьал кхайхкош. Яхана буьйса низам дохор доцуш, тийна чекхаъяьлла, хаам бо полицино. Бишкекехула буса лела тIеман техника, хадеш ю полисхойн тобанаш.

Летарш дуьйладелира Бишкекехь дIадахначу кIирандийнахь, парламентан харжамийн жамIаш довзийтича. Масийтта оппозицин партино дIахьедира, шаьш харжамаш дIахьош лелийначу харцонашна къера хир дац, аьлла. Иштта йолаелира протест. Милицино юкъаехира гIарайоккху гранаташ а, хиш детта машенаш а. Протестахоша дIалецира парламентан цIа, набахтера араваьккхира экс-президент Атамбаев а, хьалха Iедалехь куьйгалла дина кхин а масех стаг а.

Гуламаш баьржира ГIиргIизойчоьнан гIаланашкахула а, кIошташкахула а. Ош гIалахь а нисделира оппозицинний, Iедаланний агIонашна юкъахь лелтарш.

ГIиргIизойчоьнан парламентера I20 депутатан меттиг къовсуш яра I6 парти. Партешна оьшуш болу 7% кхаьжнаш ца баьхна 4 партино бен. Царалахь ю Iедалехьа йолу "Биримдик" ("Цхьаалла") а, "Хьоме Кхыргызстан" а. Официалехь харжамийн жамIаш дIакхайкхо деза кху беттан 24-чу дийнахь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG