ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ши стаг вийна. Цара шайна тIе герз тоьхна, боху ницкъхоша


Iедалан ницкъаша талорхошна дуьхьал барам дIахьош ши стаг вийна Нохчийчохь, хаам бина Оьрсийчоьнан антитерроран комитетан информацин центро, яздо ТАСС агенталло.

Мехкан Серноводскан кIоштарчу Аьхкинчу-Борзенна (Ассиновская) гергарчу меттехь Iедалан леринчу ницкъийн декъо гоне лаьцна хилла герзахой. Карабахкар тIедожийна царна, ткъа цара герзаш детта долийна, боху Антитерроран комитето. Герзахой байъина. Шиъ ву уьш, цкъачунна хоуьйтуш дац стенгара, муьлш бу.

Ницкъхойн урхалло бахарехь, Серноводскан кIоштахь герз карахь тоба гарх йолу информаци кхаьчна хилла ФСБ-н белхахошка.

XS
SM
MD
LG