ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровна критика еш хуьлу шайн стаг хьекъалх тилла ву, боху Нохчийчуьрчу гергарчара


Интернетера скриншот
Интернетера скриншот

Австрехь вехачу блогеран, YouTube каналехула Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна критика еш хуьлучу Магомагомадов Сайд-Хьусайнан гергарчара видеохабар хьажийна цуьнга, иза емалвеш. Видео гойла ду IADAT телеграм-каналехь.

Видео чохь гуш ю МагомадовгIеран тоба, цара, рагI вовшашка дIаса а луш, ирча къамел до шайн стаге, тIедожадо цунна Нохчийчуьрчу хьаькамашна "лер дитар".

"Тхо тахана гулделла тхешан гергара стаг, дIаяхна йолу боьха хIума, бахьанехь. Стаг хилча, цо лелор дацара ша лелориг, юьйцур яцара и хIуманаш я зударех а, я кхечарех а лаьцна. Иза дIавахна, цигахь дIатарвелла, ткъа тхуна цо бала беана", - боху нахах цхьамма, шен цIе «Магомадов Хьоза» хилар а хоуьйтуш.

"ЛадогIа тхоьга. Тхо маьрша деха хьуна кху республикехь, тхан паччахь оьзда паччахь а ву хьуна", - чIагIдо МагомадовгIара.

Ша Магомадов Сайд-Хьусайнан ваша ву, боху цхьамма, дIахьедо Австрера блогер хьекъална эцна хиларх лаьцна, доьху "цунна тIекхача аьтто бар". Сайд-Хьусайн Нохчийчохь кхиъна вац, "цунна ца девза республикера хьал", цундела "цуьнан бакъо яц паччахьна лен", чIагдо вистхуьлучо.

Шена шайн гергарчо бинчу цатоманна къинтIеравалар доьху МагомадовгIара Кадыровга.

  • Нохчийчуьрчу Iедалхошна цатовчу нехан гергарчара Кадыров а, цуьнан го а къинтIерабахар могIара сурт хилла лаьтта. Маршо Радиоца и хьал дийцаредечу эксперташна хетарехь, махкахь къиза Iедал хилар гойту оцо. Кадыров Рамзана бахарехь, "дерриг дина а, совцо беза эладитанаш даржаде нах".
  • Ши кIира бен дац Нохчийчуьрчу куьйгалхошна критика ен канал Магомадов Сайд-Хьусайна шен цIарца YouTube машанехь схьадиллина.

XS
SM
MD
LG