ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабах: шина а агIоно вовшашна бехкаш дохку, бертан дийцарш ца лардарна


Гянджехь дина тохарш
Гянджехь дина тохарш

Карабахерчу конфликтан шина а агIоно кIирандийнахь вовшашна бехкаш дехкина, шоьтан буса Москвахь Азербайджанан а, Эрмалойчоьнан а арахьарчу гIуллакхийн министрийн хиллачу цхьанакхетарехь дина маслаIатан дийцарш дохорна, хаамбина оьрсийн Свобода Радионо.

Гянджа гIаларчу нах бехачу кIошташка ракетан тохарш дарна Эрмалойчоь бехкейо Азербайджано. Пачхьалкхан Iедалхойн зерашца, вийна 5 маьрша вахархо, 30 гергга лазийна.

Кхечу пачхьалкхашкарчу хаамийн гIирсаша а тIечIагIдина, тохарш дар а, нах байъина хилар а, амма билггал маса стаг вийна хууш дац царна.

Азербайджанан президенто Алиев Ильхама дIахьедина, Эрмалойчоьнан дозана тIера схьа дина тохар, иза тIеман зулам хилар а, "Оьрсийчоь юкъа а ялийна динчу бертан дийцаршка ларам ца хилар а ду" аьлла, билгалдоккхуш.

Эрмалойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн а, тIеман а министраллаша дIакхайкхийна Азербайджано дина дIахьедар "барам боцуш харцдерг" ду аьлла, цара бехкейо Азербайджан Степанакертахь а, эрмалойн ницкъаша доладечу шаьш шайх Ломанан-Карабахан республика аьлла, дIахьейинчу республикан кхечу ярташкахь а тохарш дарна.

Цигахь маьршачу бахархошлахь пхи стаг вийна бохуш, чIагIдо цара.
Азербайджанан тIеман буьйранчаша дIахьедира, Карабахан тIеман позицешна шаьш тохарш дарх, ткъа эрмалойн агIор болчу векалша дуьйцу масийтта агIор чугIоьртина Азербайджан юхатоха аьтто хилира шайн бохуш.

Евробертан арахьарчу политикан урхаллан кубйгалхочо Боррель Жозепа кхайкхамбина шина а пачхьалкхе, бертан дийцарш ларде аьлла. Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлета Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министре кхайкхам бина, Москвага Ереванна тIеIаткъамбар доьхуш, маслаIат ца дохадайта.

Шоьтан дийнахь, карарчу беттан 10-чохь дуьйна Москвахь куьйгаш яздира тIом сацош бертан дийцаршна. Iалашо яра, шина а агIоно лецнарш а, байъинарш а дIасахийца, амма меллалц сацийна герзаш хууш дац.

  • Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG