ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн машенна герз тоьхна ши стаг вийна Дагестанехь


Дагестанерчу Кизил-Юртан кIоштахь ши стаг вийна. Ницкъаллийн структураша чIагIдарца, полисхошна тIе герз детта волавеллера иза машена чуьра схьа. Машенан кехаташка хьовсучу заманчохь долийра герз деттар, хаамбо gazeta.ru гIирсо, Дагестнан ницкъаллийн структурашкарчу хьостана тIетевжина. Байъинчийн цIераш цкъачунна къастанза ю.

Кху деношкахь контртерроран операци дIахьош Нохчийчохь а вийра, гIаттамхо вара аьлла, ши стаг.

Марсхьокху-беттан 23-чохь ГIалгIайчуьрчу Троицкая олучу станицехь лерина операци дIахьош а вийра, Бютукаев Асланан тобанера вара аьлла, хетта кхо гIаттамхо, шина полисхочунна чевнаш йинера.

Оьрсийчоьнан адокаташа а, бакъоларъярхоша а дIахьедора, Iедалхоша тIемалой бу бохуш, кхийкхочу наха кхелашкахь дIахьедарх, шайна тIехь гIело а латтош, боцу бехкаш тIелоцуьйту шайга аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG