ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТАСС: Нохчийчохь йоьдучу операцехь вийначу шиннан цIераш хиъна


КIирандийнахь Серноводскан кIоштахь дIаяьхьначу контртерроран операцехь вийначу шиннан цIераш билгалъяха аьтто баьлла аьлла, хаамбина ТАСС агенталле Оьрсийчоьнан Къилбаседа Кавказерчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша.

"Леринчу операцехь вийна ши зуламхо мила ву хиъна, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх а долийна, ницкъаллийн структурийн белхахошна тIелатарца доьзна", - аьлла зорбанчаша. Хьалхо бинчу хаамца, вийначух цхьаъ федералан лехамашкахь хилла.

Iедалан ницкъаша талорхошна дуьхьал барам дIахьош ши стаг вийна Нохчийчохь аьлла, хаам бира Оьрсийчоьнан антитерроран комитетан информацин центро.

Мехкан Серноводскан кIоштарчу Аьхкинчу-Борзенна (Ассиновская) гергарчу меттехь Iедалан леринчу ницкъийн декъо гоне лаьцна хилла герзахой. Карабахкар тIедожийна царна, ткъа цара герзаш детта долийна, боху Антитерроран комитето. Герзахой байъина. Шиъ ву уьш, цкъачунна хоуьйтуш дац стенгара, муьлш бу.

Ницкъхойн урхалло бахарехь, Серноводскан кIоштахь герз карахь тоба гарх йолу информаци кхаьчна хилла ФСБ-н белхахошка.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG