ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла 13 дархо, цомгаш хилла кхин а 723 стаг. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь кхелхина виъ-виъ пациент,
Дагестанехь кхоъ, ГIебарта-Балкхаройчохь шиъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах велла 1 806 вахархо. Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь- 156 стаг:
• Ставрополан кIоштахь̆ +156 (17 904 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран махкахь̆ +102 (15 187)
• ГIалмакхойчохь+ 84 (7 363)
• Дагестанехь + 82 (14 427)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 82 (8 003)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 78 (8 414)
• ГIалгIайчохь + 50 (6 296)
• Къилбаседа ХIирийчохь+ 39 (6 259)
• Адыгейхь + 43 (4 556)
• Нохчийчохь + 7 (2 498)
Коронавирусан ун даьлла ву Къилбаседа Кавказехь верриг а 90 907 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь ву COVID-19 токхуш 1 312 310.
Коронавирусан шолгIа тулгIе йолаяларца карантинан барамаш юкъабахар дийцаредо Оьрсийчохь. Нагахь санна, цхьана дийнахь-буса а ун 10 эзар стагалахь даржахь, дозанаш деттар чIагIдан Iалашо ю Iедалхойн.