ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Химин герз лелорна Оьрсийчоьнна тоьхна санкцеш Евроберто кхин а шарна дIаяхйина


Химин герз лелорна дуьхьал кхин а цхьана шарна яхйина Евроберто Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш. Евробертан Кхеташонан сайтехь зорбане даьккхина оцу кепара документ.

Дуьйцург ду, Шемахь химин герз лелор а, ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана а 2018-чу шеран Зазадокху-баттахь Солсбери гIалахь нерван-паралитикан дIовш далар а, яздо оьрсийн Свобода Радионо.

Евроберто вовшахтоьхначу санкцийн тептарехь ву исс стаг. Шемаца воьзна ву царех пхиъ, виъ, Евроберто чIагIдарца, СкрипальгIарна дIовшца тIелатарна бехкево. Оьрсийчоьнан Инарла штабан Коьртачу урхаллан (ГРУ )куьйгалхо Костюков Игорь а, цуьнан гIовс Алексеев Владимир а, иштта Чепига Анатолий а, Мишкин Александр а.

Брюсселна хетарехь, ГРУ-н эпсарш бу уьш, Боширов Руслан а, Петров Александр а аьллачу цIерашца болх беш хилла волу. Химин герз шаьш лелош дац аьлла, масийттазза бехкаш тIе ца лецира Оьрсийчоьно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG