ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIаларчу аэропортехь лаьцна 20 шо хьалха Ставрополерчу депутатан кIант лачкъийнарг


Стаг вадорна шеконашца лаьцна Соьлж-ГIаларчу аэропортехь 51 шо долу стаг. 20 шо сов а хилла иза полицех уьдуш лела.

1988-чу шарахь Ставрополан кIоштахь регионерчу парламентан депутатан кIант лачкъийна, Нохчийчу дIавигина хиллера зуламхоша. Ткъа иза маьршавоккхург 100 эзар долларшкахь ахча дехна хилла. Йийсархо кIелхьарваккха аьтто белира, тайп-тайпана хенаш туьйхира иза лачкъош дакъалаьцначу кхаанна. Цхьаннан ка яьллера ведда вала.

Къастарца, шен цIе а хийцина, Нохчийчохь вехаш хиллера иза. Белхан гIуллакхна кхечу гIала воьдучу заманчохь лаца кхиина талламчаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG