ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТАСС: Соьлж-ГIалахь виъ тIемало вийна


Ницкъаллийн структурийн белхахошна герзаш диттина виъ тIемало вийна Соьлж-ГIалахь аьлла, хаамбина ТАСС агенталле Къоман антитерроран комитето (НАК). Вийна иштта кхо полисхо а.

"Герз охьа а диллий, шайна дуьхьал дуьйла аьлла, тIедожийча, зуламхой автомат йетта буьйлабелира. Оцу тасадаларшкахь виъ гIаттамхо вийна",- аьлла НАК-н зорбанчаша.

Иштта, дIахьедо цара шайн могIаршкахь а эшам хиларх. "Ницкъаллийн структурийн кхо белхахо вийна", - аьлла НАК-ан векало.

Полисхошларчу хьостанан зерашца, Росгвардин ши белхахо вийна, кхоалгIачунна чевнаш йина.

Къоман антитерроран комитетан оперативан штабо дIахаийтина, Соьлж-ГIаларчу Октябрьскан кIоштахь чолхечу хьолан раж кхайкхорах.
ГIадужу-беттан 11-чохь яздира Маршо Радионо, Iедалан ницкъаша талорхошна дуьхьал барам дIахьош ши стаг верах Нохчийчохь, хаам бинера Оьрсийчоьнан антитерроран комитетан информацин центро, ТАСС агенталло яздарца.

Мехкан Серноводскан кIоштарчу Аьхкинчу-Борзенна (Ассиновская) гергарчу меттехь Iедалан леринчу ницкъийн декъо гоне лаьцна хилла герзахой. Карабахкар тIедожийна царна, ткъа цара герзаш детта долийна, боху Антитерроран комитето. Герзахой байъина. Шиъ ву уьш, цкъачунна хоуьйтуш дац стенгара, муьлш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG