ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хазбиев Мохьмад ЦПЭ тIекхайкхина хилла


ГIалгIайчоьнан оппозиционер Хазбиев Мохьмад
ГIалгIайчоьнан оппозиционер Хазбиев Мохьмад

Оршотан дийнахь экстремизмна дуьхьало латточу Центро (ЦПЭ) хеттарш дан тIекхайкхина хиллера ГIалгIайчуьра оппозиционер Хазбиев Мохьмад, Сунжан кIоштан полицин декъан хиллачу хьаькамо Беков Мохьмада арз а дина. Хазбиевс ша вуьйр ву аьлла, кхерам тесна шена аьлла, дIахьедина хилллера Бековс, оппозиционеро дийцарехь.

Карладоккху, бакъо йоцуш герз лелорна а, хIетахь мехкан куьйгаллехь хилла Евкуров Юнус-Бек аьшнашварна а аьлла, стохка аьхка ши шой, бархI буттийн колонехь а даьккхина, маьршаваьккхира Хазбиев. Цул тIаьхьа цо дIакхайкхийра, харцонца къийсам латтор болуш ву ша кхин дIа а аьлла, иштта цо дог ийцира Зазадокху-баттахь Магасерчу митингехь латтарна лецначийн а.

Оппозиционеран вашас Хазбиев Мурада дийцина "Кавказский узел" агенталле, Бековца доьзначу гIуллакхна тIехула кхайкхина вара Мохьмад аьлла. "ЦIера телефон туьйхира соьга, Беков Мохьмада сан вешина арз дина аьлла, цундела Центро тIекхайкхинера иза. Ша вуьйр ву аьлла боху... Со цкъачунна республикехь вац, кхин совдаьккхина хууш хIума дац цундела", - аьлла вашас.

Кхо сахьт гергга ЦПЭ-н гIишло чохь даьккхинчу Хазбиев Мохьмада хаамбина агенталлан корреспонденте: "Iуьйранна 10 сахьт даьлча чувахана, делкъанна сахьт даллалц цигахь вара со. Шина машенахь, герзах боьттинчу нахаца со дIасалелаш ву, со ша вен кечлуш ву аьлла, латIкъамбинера Беков Мохьмада.

"Нагахь санна вайшиъ вовшахкхетахь, хьо дийна дIагIур вац боху цо соьга, ткъа арз дина, со ву ша вен гIерташ аьлла. Центрехь хеттарш дира соьга, ларло а элира...Дерриг а низаман гурашкахь дара, Хамхоев волуш санна дацара, чу а ца лилхира, кхерамаш а ца тийсира", - аьлла, дийцина Хазбиевс.

Дуьхьал арз дан Iалашо яц оппозиционеран. "ГIалгIайчуьрчу божарша полици дIахьедарш а деш, къесто ца деза гIуллакхаш. Оцу Iалашонна къаной бу, шарIан кхел а ю, цара луьстур ду дерриг а", - аьлла Хазбиев Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG