ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Махкахь теракташ ян Iалашо хиллера байъинчу тIемалойн, аьлла Кадыровс


Тахана, шинарин дийнахь, Соьлж-ГIалахь байъина тIемалой, кхечу пачхьалкхера баьхкина хила а тарло, уьш лоьху дикка хан яра аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Telegram-каналехь.

"Террорхойн боламех Нохчийчоь дIацIанйина дуккха а хан ю. Хьалхе дуьйна ницкъаллийн структурашка кхаьчна информаци яра, регионе арахьарчу мехкашкара чубаьхкина зуламхойн тобанхой бу аьлла. Уьш лаца дагахь барамаш бара дIахьош", - яздина Кадыровс.

Мехкан урхалхочо дийцарехь, террорхой цхьана цIа чохь гулбаларх меттигерчу бахархоша хаийтинера цаьрга.

"Ницкъаллийн структурийн ши белхахо вийна шайн куьйга "шайтIанаша". Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо церан гергарчарна гIо дийр ду", - яздо Кадыровс.

Мехкан куьйгалхочо дIахьедарехь, махкахь теракташ дан лерина хилла гIаттамхой. ТIеман тасадаларш хиллачу меттигехь карийна герз а, зIенан а, тIеман а кхинболу гIирс а.

Республикехь хьал "маьрша а, паргIат ду", цхьана а кепара дозанаш ца тоьхна, маьрша дIасалела йиш ю, полисхоша лакхарчу говзаллица, тийна кхочушдина шайн декхарш аьлла, билгалдаьккхина Кадыровс.

Карладоккху, ницкъаллийн структурийн белхахошна герзаш диттина виъ тIемало вийна Соьлж-ГIалахь аьлла, хаамбинера тахана ТАСС агенталле Къоман антитерроран комитето (НАК). Вийна иштта кхо полисхо а.

"Герз охьа а диллий, шайна дуьхьал дуьйла аьлла, тIедожийча, зуламхой автомат йетта буьйлабелира. Оцу тасадаларшкахь виъ гIаттамхо вийна",- аьлла НАК-н зорбанчаша.

Иштта, дIахьедо цара шайн могIаршкахь а эшам хиларх. "Ницкъаллийн структурийн кхо белхахо вийна", - аьлла НАК-ан векало.

Полисхошларчу хьостанан зерашца, Росгвардин ши белхахо вийна, кхоалгIачунна чевнаш йина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG