ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу кхело 9 а, 10 а шераш кхайкхийна Нохчийчуьрчу "таксхошна"


Нохчийчуьрчу шина вахархочунна Исаев Мохьмадна а, Кудаев Хьусейнна а 10 а, 9 а шераш хенаш кхайкхийна Москварчу Гагаринан кIоштан кхело. "Коммерсанто" яздо, бизнесхо Дадуев Алим вен гIортарна бехкево и шиъ аьлла.

2017-чу шеран Гезгамашин-беттан 19-чохь Toyota машенахь воьдучу Дадуевна Москварчу Вернадскан проспектехь тIаьхьакхаьчначу таксичуьра кхоазза герз тоьхнера. Чолхечу чевнашца дарбан хIусаме кхачийра Дадуев.

ТIаьхьо талламо къастийра, иза вен кхайкхийнарг лехамашкахь хилла Нохчийчуьра Турлуев СаьIид хилар. 100 эзар Американ долларшкахь ахча делла хиллера цо таксхошна, иза вуьйриг.

Дадуевс лелош йолчу бизнесца доьзна хила тарло, цунна кIелояран бахьана. Оцу заманчохь Сечин Игоран хиллачу хIусамненаца юкъахь "Москван, Уралан акционерийн коммерцин банкан" акцийн доладеш хиллера Дадуев Алим.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG