ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан коьрта тренер Сталинна хIоллам хIоттош ву


Ша шех Къилба ХIирийчоь аьлла, дIакхайкхийначу махкахь тIейогIучу хенахь Советан Iедалан хиллачу баьччан Сталин Иосифан хIоллам хIоттор болуш бу. Оьрсийчоьнан коьртачу тренеро, Къилба ХIирийчоьнан парламентан депутато Тедеев Дзамболата хьехна ша винчу Знауран кIоштарчу Цорбис юьртахь Сталинан бюст хIоттор. Оцу эвлахь Сталинан цIарах аьлла, майда ян ахча а делла цо. Къилбаседа ХIирийчохь гоьваьллачу скульпторан Хаев ИбрахIиман белхан хIусамчохь кечбина буьйцу хIоллам.

"Юьхьанца сайна аьлла, беш бара ас и болх. Тедеев Дзамболатан лаам хилира, иза соьгара эца", - аьлла, дийцина Кавказ.Реалиина Хаев ИбрахIима.

БуьритIерчу сийлаллин Аллейхь Сталинан бюст ю дIахIоттийна.
Сталинна хIолламаш а, бюсташ а хIиттор эргIаде тIеоьцу луларчу мехкашкахь: Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а, ГIирмерчу гIезалоша а, иштта Сталинан депортаци мел лайначу къаьмнаша а.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG