Шинарин дийнахь Железноводск гIалин кхело шен сацам бовзийтина Магасехь стохкалерчу протестан акцехь дакъалаьцначу Маматов Мухарбекан хьокъехь. Исс баттахь колонехь вуьтур ву иза, хаамбо "Мемориало".
ГIант а лестош, Росгвардин эскархошна ша кхерамаш тийсар бакъдина Маматовс, амма ша лелориг политикан бух тIехь хилар тIе ца дитина.
Суьдхочун сацамца кхел йоьдучу гIишлочохь лецира иза. ЦIера валара а дихкина, цо чохь яькккхина хан лерича, кхин а беа баттахь колонехь хан такха дезар ду Маматовн.
Кхелан вердикт харцонца ду бохуш, цуьнан адвокат Арчаков Аслан латкъамбан Iалашо йолуш ву.
2019-чу шеран Зазадокху -баттахь Магасехь митинг хIоттийра, тIаьххьара а полисхошца къовсам а хуьлуш. ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга Евкуров Юнус-Бекна дарж охьадиллар тIе а дожош, Нохчийчоьнца латтанаш хийцарна шаьш реза цахилар дIакхайкхийнера цара.