ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь байъинчийн гергарчара схьадоьху церан декъий


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Кху шеран Марсхьокху-баттахь вийначу ЛолохоевгIеран шина вешин ИбрахIиман а, Iийсан а нанас а, Гадаборшев Аслангирейн хIусамнанас а Магасан кIоштан кхеле иск кховдийна, шайн байъинчийн декъий дIадохка схьадала махкарчу талламан урхалло духьало ярна, яздо "Мемориало". Теракташ юкъахдохуш байъинчийн декъий гергарчаьрга дIалуш а, йа уьш лаьттах боьхкина меттиг хоуьйтуш а ца хуьлу аьлла, федералан низамна тIетевжина Оьрсийчоьнан ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан куьйгалхо Коновод Андрей.

Амма, официалан информацица а догIуш, ЛолохоевгIар а, ГадаборшевгIар а бехкебо ницкъаллийн структурийн белхахошна герзашца дуьхьало ярна, ткъа иза, гергарчарна хетарехь, теракт лорийла дац.

"Масхадов а, кхинберш а Оьрсийчоьнна дуьхьал", "Сабанчиев а, кхинберш а Оьрсийсоьнна дуьхьал" аьллачу гIуллакхех бинчу сацамехь Европерчу адамийн бакъонийн кхело билгалдаьккхира, гергарчарна шайн нах дIабохка бакъо ца яларца Конвенцин 8-гIа артикл йохийна аьлла.

Марсхьокху-беттан 17-чохь вийра Лолохоев Iийса, Сунжа-кIоштарчу Галашке эвлайистехь ФСБ-н белхахоша.

Гадаборшев Аслангирей а, Лолохоев ИбрахIим а вийра Марсхьокху-беттан 23-чохь Троицкая олучу эвлахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG