ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь уьнах велла 16 дархо. Вирус кхетта ву- 751 стаг


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах велла 16 дархо, ун даьлла 751 стагана. Эпидеми ца яржийта Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина ялх пациент, Краснодаран кIоштахь пхиъ, Ставрополан махкахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах хьалха ца ваьлла 1 838 дархо.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь ларарца, къаьсттина дукха бу ун даьлларш Ставрополан махкахь - 165 стаг:

• Ставрополан махкахь̆ +165 (18 230 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь̆ +104 (15 389)
• ГIалмакхойчохь + 87 (7 535)
• Дагестанехь + 85 (14 597)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 82 (8 166)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 80 (8 574)
• ГIалгIайчохь+ 57 (6 407)
• Адыгейхь + 47 (4 648)
• Къилбаседа ХIирийчохь+ 40 (6 338)
• Нохчийчохь + 4 (2 507)

Тахана, ГIадужу-беттан 14-чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун токхуш ву 92 391 стаг. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь 1 340 409 ву коронавирусаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG