Дагестанан коьртачу шахьарера ХIинжа-ГIалара цхьахйолу парк юхаметтахIоттон ахча хьажийна Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо.
"Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна меттигерчу вахархочо Асхабов Сагида йина хиллачу ХIинжа-ГIаларчу паркна кху деношкахь реконструкци еш ю. Дахначу шерашкахь парк тишъелла, юха денъян езаш ю. Цундела фондо шен чоьтера ахча хьажийна оцу гIуллакхна", - яздина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен пена тIехь.
Цо дийцарехь, паркехь кафе а, жима Iам а хир бу, иштта хIиттор ду гIенташ а.
"Цул совнах, Кадыровн цIарахчу регионерчу фондо гIо кхачийна ХIинжа-ГIаларчу МурадовгIеран боккхачу доьзална. Шина чоьнашкахь бехаш хиллера уьш, чохь серло а йоцуш, цхьа а оьшу хьелаш а доцуш. ТIедогIуш Iа хилар тидаме а эцна, фондо сацам бира царна кийча хIусам эца", - яздо Кадыровс.