ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ярташ-гIаларташ а, юьстах беха нах а. Муха Iалашйо Дагестанехь истори


Шо шаре мел долу кхуьуш ю Дагестанехь нахах мукъаевлла ярташ. Рицкъ лохуш, дIасаоьхуш, юьту уьш бахархоша. Оцу яртех дукхахъерш тIекхача чолхе долчу лаьмнашкахь ю: гIаш гIур ву хьо цига, амма машенца кхачалур яц хIусаме я йийбар а, я айъа беза бахам а; Iер-вахар а ду вуно хала – ца деза тахана нахана 21-чу бIешарера доцу хьелаш.

Муха Iалашъялур ю истори тIаьхьенна? Эша а оьший-те иза ларъян гIерта?

Дагестанерчу Гамсутль гIаларт-юьртахь #живигамсутль ("яха, Гамсутль") болам болийна волонтераша. Дахар дIалекъна цигахь пхи шо хьалха меттигера тIаьххьара вахархо валарца. Ткъа "кхоччуш" юрт яла ца юьту туристаша. БIеннашкахь кхочу цига лаьмнийн хазалла толлу нах. Ткъа юрт-м ю херцаш. Бац Iедало иза денъян беш цхьа а болх.

Кху беттан 10-чу дийнахь волонтераш буьйлабелла юрт нехех цIанъян, гIерта стохка наха цхьана цIийнан пенех схьа а даьхна, лечкъийна шира тIулгаш меттахIитто, аьтто боккху туристашна дIасабаха-хьовса. Болам айбинарг ву луларчу Чох юьртара Цохолов Заур.

"Хьомечу Дагестанехь ярташ хIаллакъхуьлуш чIогIа халахета суна. Сайга далург дан гIерта-кх. Со нийса хила а мега, харц хила а мега. Цхьаберш ца кхета, стенна оьшу хьуна, олу, эрна хета ас лелориг. Амма ас дийриг а ца дахь, нехан тергонера евр ю шира ярташ. Болх болор бахьана долуш, тхоьга дукха хIума данделла кхузахь", - дуьйцу Заура.

Масех шо хьалха Хьамзат Цадасан цIарх йолчу меттан, литературан, исбаьхьаллин институтерчу Iилманчаша Магомедов Амирбека а, Юсупов Хизрис а ягарйина Дагестанехь еса лаьтта ярташ. Махкарчу 1610 юьртах 50 гергга, чохь бехаш нах боцуш, еса лаьтта.

"Статистика яц лелош. ХIинца-м ишта ярташ кхин а дукха хир ю. ХIусамашкахь лелийна бахам, цуьнца лелла синбахамалла йовш ю", - балхабо шен сингаттам Магомедов Амирбека, историн доктора.

Цунна хетарехь, дийна йисийта йиш ю Дагестанера шира ярташ, иза дан дезарг а ду. Туристаш хьовсучу меттигийн статусехь латтийна а. Иштачу ярташка ломан хьелашца догIу хьешан цIенош хIитто дезара, боху Магомедовс.

"Хьешан хIусамаш ехкича, нах гергаозалур бара йовш лаьттачу ярташна. Оцу тIера долон а дезара уьш Iалашъяр. Нах ломара охьабовларх тесна йита йиш яц и ярташ, шира цIа дендар хаза а ма дуй", - дикане сатийсарца боху Iилманчас.

Шен юрт – шен цIе ю дагестанхочунна

Ахтын кIоштахь 17 ю тесна йитина юрт. 70 шо гергга ду цигара дукхахболу нах дIабахана. Шайн лаамца бахархой берраш а ца бевлла ломара охьа – Советан Iедало, шерачу меттигашкахь атта ду дахар дIатардан, бохуш, охьабаьхна. Амма къар цабелларш а хилла. Уьш шаьш, цхьалха буьсуш а нисделла шайн ярташкахь., Гра юьртахь Джабраилова Биче санна, масала. Иттаннаш шерашкахь ша цхьаъ яьхна иза шен цIа чохь. Амма къанъелча ломара охьаяла дезна. ХIинца шен гергарчу нахехь Луткун юьртахь еха иза.

Шайн тоьлла дахар дIа а тосуш, гIаланашкара лома хьалаоьху нах бевлла тIаьххьарчу шерашкахь. Бакъду, дукха бац иштанаш. Ахтын кIоштарчу Ялцух юьрта юха а баьхкина, латта, даьхний лелош бу массех доьзал.

"Кухул юьртара охьабевллачу нехан доьзалш юхабоьлхуш бу шайн дайн юьрта. КIоштан куьйгалло дIатарбала гIо до царна, кхуллуш ю инфраструктура – некъ, тоькан станцеш, тIедалош ду хи", - дийцира Кавказ.Реалиига Ахтын кIоштан администрацин пресс-векалтехь.

Ши шо хьалха дайн юьрта хьалаваха сацамбира Исмаков Идриса. Ша веха Каспийск гIала а йитина, Кайтаган кIоштарчу Чахдикна юьрта воьссина иза.

Лулара Бяжлук, Турага, Анта ярташ а лаьтта цхьалха, еса. гIаларташ санна. "Юьстах веха стаг" олу оцу меттигашкахь ша вехаш хаалучу вахархочух наха. ХIора юьртахь бац цхьаъ-шиъ доьзал бен. Оцу яртех дукхахъерш ур-атталла географин картанашна тIехь а яц.

"Даршага, Иричи. Цигахь цIенойх цхьа оганаш бен ца дисина, – леткъа Кайтаган кIоштан администрацин белхахо.

Синбахамаллин мехалла ю аьлла, пачхьалкхо Iуналле эцна яц ши юрт бен – Шира Гоор а, Шира КIахиб а. Ткъа "Iуналле эцар" дац и ярташ денйо бохург – цигара латта хьадан ца мега, ца мега цигахь гIишло йотта – иза ду дерриг а "Iуналла".

"Дагестанан цхьайолчу меттигашкахь ерриг а юрт ца оьцу Iедалан Iуналле. Масала, Гамсутль юьртахь 17-18 бIешерашкара ши бIов ю ларъеш, Корода юьртахь а ю ларъеш еккъа цхьа-ши объект", - хаийтира тхоьга Дагестанан синбахамаллин мехаллаш ларъечу агенталло.

Оцу агенталло Iалашоне оьцу синбахамаллин мехаллаш, амма ца бо уьш денъеш белхаш. Юрт дийна йисийта арабовла безарш оцу ярташкара орамаш болу нах бу уггаре хьалха, тешна ву юкъарчу дахаран жигархо Цохолов Заур.

"Шен юрт – шен цIе ю дагестанхочунна. ШолгIа делахь, туризманна пайде а ю шира юьрташ. Iедало царна тIе тидам берзийча, дийнна кластер кхоллалур яра туризмехь. Нахана белхаш а хир бара. Некъаш баха безара царна тIе. Туризманна лерина. Дагестанна а хир бара пайда", - тешна ву Цохолов

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG