ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIедогIучу кIиранах Туркойчу лела дуьйлалур ду Соьлж-ГIалара кеманаш


Соьлж-ГIаларчу аэропортера Туркойчу лела дуьйлалур ду кеманаш карарчу беттан 20-чохь дуьйна аьлла, хаам баржийна мехкан урхалхочун пресс-гIуллакххоша, яздо Интерфаксо. Pegasus авиакомпанино рейсаш йолор ю Соьлж-ГIалара Стамбуле хIора денна.

Цул совнах, "ЮТэйр" авиакомпани а ю кху беттан 25-чохь дуьйна Соьлж-ГIалара Стамбуле (Керла аэропорт) денна кеманаш лелийта дагахь. Ткъа беттан тIаьххьарчу дийнахь рейсаш дIайолош ю Pegasus авиакомпанино Соьлж-ГIалара Анталье а.

Анталье юьхьанца кIиранах цкъа бен гIоттур дац кема, шоьтан деношкахь. Кхин дIа, карадогIучу шеран Зазадокху-баттера дIа дуьйна денна рейсаш хилийта Iалашо ю церан.

Коронавирусан пандеми бахьана долуш Зазадокху-баттахь дуьйна Оьрсийчоьно совцийнера дуьненаюкъара кеманийн дIасалелар.

Марсхьокху-баттахь юха карлаехира масийтта пачхьалкхе, шайлахь Туркойчоь а йолуш, кеманийн рейсаш яр. Дахначу кIиранах Соьлж-ГIала кеманаш дIасалела магийначу шахьарийн тептаре яьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG