ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн хилла векал бехкево стаг лачкъорна а, нуьцкъаша ахчанаш дахарна а


Кадыров Рамзан а, Цицулаев Рамзан а
Кадыров Рамзан а, Цицулаев Рамзан а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Украинехь хиллачу векалан Цицулаев Рамзанан гIуллакх теллина дели. Прокуратурано бехк хилар тIе а чIагIдина, гIуллакх Никулинан кхеле дIахьажийна. ТАСС агенталле бина и хаам кхелан пресс-гIуллакххоша.

"Цицулаев Рамзанан гIуллакх кхеле кхаьчна, иза бехкевеш ву стаг вадорна а, нуьцкъала ахчанаш дахарна а, иштта баккхийчу барамашкахь ахчанашца курхаллаш лелорна а", - аьлла, дIахьедина пресс-гIуллакххоша. Цицулаевс шена дохку бехкаш тIе ца лоцу.

Иштта, кхелан векало бахарехть, оцу гIуллакхна тIехула кхеле озийна Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан 16-чу декъан куьйгалхочун хилла гIовс, полицин подполковник Ольшанский Виктор а, цуьнан куьйгакIел хилла кхин цхьа белхахо а. Верриг а бехкала хIоттийна ву исс стаг.

Талламхойн версица, 2014-чу шарахь бизнесхо Закриев Iела лачкъа а вина, цуьнгара 100 миллион сом даккха гIиртинчу тобанца хилла ву Цицулаев Рамзан. 2014-чу шеран ГIуран-баттахь федералан лехамашка веллера Цицулаев. ТIаьхьо, Оьрсийчохь и стаг цахилар къаьстича, дуьненаюкъарчу лехамашка велира иза. 2017-чу шарахь дуьйна Москварчу СИЗО-хь латтош вара Цицулаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG