ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус бахьана долуш комендантан сахьт юкъадаьккхина Францехь


Коронавирусан пандемин шолгIачу тулгIенца къийсам латторхьама Францехь комендантан сахьт юкъадоккхуш ду. Пачхьалкхан президенто Макрон Эммануэла дIахьедина, буса исс сахьт даьллачул тIаьхьа Iуьйранна ялх сахьт даллалц бахархошна чуьра арадовла мегар дац аьлла.

COVID-19 вирус маса яьржачу Парижех а, кхин а 8 гIаланах а хьакхалуш бу тIеэцна сацам. Ю царлахь Марсель а, Лилль а, Сент-Этьен а, Руан а, Тулуза а, Гренобль а, Монпелье а, билгалдоккху "Би-би-сино".

ТIедогIучу шоьтан дийнера схьа лардан дезар ду комендантан сахьт. Цкъачунна деа кIиранна юкъадалийна. Къевлина юьтуш ю школаш а, чолхечу хьолан раж кхайкхош ю иштта могушалла Iалашъяран системехь а.

Кхаарин дийнахь Францехь 23 эзар стагаца къаьстира коронавирусан инфекци. Йоллу Европехь юха а дозанаш детта долийна, лазар ца даржийтархьама.

Шога карантинан низамаш юкъадаьхна Нидерландашкахь, цигахь совцийна болх бечуьра кафеш, бараш, ресторанаш. Испанера Каталонехь а шина кIиранна дIакъевлина бараш а, ресторанаш а тахана дуьйна.

ТIаьххьарчу шина кIиранчохь Чехехь Iаламат дукха нахаца къаьстина вирус, кхаарин дийнера схьа дуьйна цIера доьшур ду бераша. Бараш а, ресторанаш а дIакъелина. Гезгамашин-бутт карабеачхьана даьржина догIу Чехехь ун.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG