ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь кхеле хIоттийна, кемашанца дIовше хIума тоьхна, нах байина аьлла, хаам баржийнарг


Цхьахйолчу эвлана тIехула кеманашца кхераме молханаш тоьхнера аьлла, харц лоьй а хуушехь, информаци яржийначу Дагестанерчу вахархочунна дуьхьал дов айдина. Талламчийн версица, кху шеран Охан-баттахь социалан машанашкахула аудио хаам баржийна хилла цо, Дагестнерчу Карабудахкентан кIоштарчу Губден юьртана тIехула хьоьвзинчу кеманаша цхьа хIума чухецна дIасаяржийра, оцу бахьанашца адамаш а делира, зIакардаьхний а хIаллакхилира аьлла. Хаамбина Regnum агенталло.

Карабудахкентан кIоштан кхеле хьажийна гIуллакх кхин дIа талла.

Кху шеран Охан-беттан 1-чу дийнахь дуьйна низам юкъадаьккхира Оьрсийчохь, коронавирусан инфекцех харц информаци яржийначунна тIе жоьпалла дожош. Цуьнца а догIуш, бехкечунна административан гIуда кхачадо - 30 эзар соьмера 100 эзар соьме гергга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG