ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Washington Post: йолах тIом бан веъна 50 сов Шемара салтий вийна Карабахехь


Азербайджанан агIор эрмалошна дуьхьал тIемаш беш хилла Шемара веана мел лахара а 50 йолах лаьцна салтий вийна Ломарчу Карабахехь. Washington Post гIирсо бина цунаъ лаьцна хаам, байъинчийн гергарчара дийцарехь, яздо оьрсийн Свобода Радионо.

Washington Post газетано чIагIдо, Туркойчухула Шеман къилбаседане дукха хан йоццуш Азербайджанехь вийначу 53 йолахочун декъий кхачор. Буьйцурш бу Туркойчоьно гIо латтон Шемарчу оппозицин тобанаш.

ХIора баттахь ши эзар долларшкахь ахча лур ду аьллера царна Карабахерчу тIамехь дакъа лацахь бохуш, чIагIонаш йо церан гергарчара.

"Ахча дара бахьана", - аьллачу цхьахволчу гергарчун дешнаш далийна газетано. -Хьанна лаьа Азербайджанехь тIом бан? Цу тIе, мила ву иза стенгахь ю хууш а?"

Хьалхао яздора хаамашкахь, Шемара йолах лецна эскархоша Ливихь тIемашкахь а дакъалаьцна, пачхьалкхан Iедалан ницкъашкахьа бохуш. Шемахь герзаш совцийна, Оьрсийчоьнан а, Туркойчоьнан а президентийн хиллачу бертаца. Юкъ-кара тийналла йохайо цара, делахь а, эвсараллица беш тIемаш бац.

Туркойчоьно а, Азербайджано а аьттехьа а ца дуьту, эрмалошна дуьхьал Шемара лецна балийна эскархой бу бохург. Уьш цигахь тIемашкахь хиларх дIахьедира Францин президенто Макрон Эммануэла а.

Кху деношкахьТуркойчоьнан президентца телефонехула хиллачу къамелехь Путин Владимира, Кремлан пресс-гIуллакххоша бахарехь, Гергарчу Малхбалерчу салташа тIамехь дакъалацарна сингаттамехь ша хилар дIахаийтина.

Азербайджанна гIо латтадо Туркойчоьно аьлла, дIахьедира Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретаро Помпео Джона. а, делахь а, дуьххьал дIа ца элира цо, тIеман конфликтехь Шемара йолахой хиларх. Шина агIоно герзаш совцон йина чIагIо Iалашъян еза, бахархойн объекташна тIе тохарш а ца деш аьлла, кхайкхамбира Помпеос.

Советан Iедал духучу шерашкахь йолаелла Ломан Карабахца йоьзна Азербайджананний, Эрмалойчоьнанний конфликт. Доккхачу декъанна тIехь алссам эрмалой бехачу Ломан Карабахо шен йозуш яцар дIакхайкхийра, амма Азербайджано къобал ца дира иза. Болабелла тIом сецира I994 шарахь, вийнера шина а агIор 30 эзар гергга стаг, бIеннаш эзарнаш буьйхира хIусамех. Карабах а, цунна гонахара масех кIошт а ю эрмалойн ницкъийн карахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG