ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна тIехула Евроберто санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан хьаькамашна


Путин Владимир а, цуьнан администрацин куьйгалхочун гIовс Кириенко Сергей а
Путин Владимир а, цуьнан администрацин куьйгалхочун гIовс Кириенко Сергей а

Оьрсийчоьнан оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш даларца доьзна Евроберто санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан 6 хьаькамна а, цхьана организацина. Шаьш бина сацам а, санкцийн тептар а Евробертан официалан бюллетенехь зорбане даьккхина.

Ву оцу тептарехь ФСБ-н директор Бортников Александр а, президентан администрацин урхалхочун хьалхара гIовс Кириенко Сергей а, президентан администрацин арахьарчу политикан департаментан урхалхо Ярин Андрей а, тIеман министраллан гIовсаш а, президентан Сибирскан федералан гонашкара векал Меняйло Сергей а.

Оцу нахана дихкина ду Евробертан пачхьалкхашка туристаш санна бахкар, церан активаш, нагахь санна, елахь, совцор ю. Цул совнах, Евробертан пачхьалкхашкарчу бахархошна дихкина ду билгалбаьхначу санкцийн тептарерчу нахаца финансашца йоьзна юкъаметтигаш лелор а.

Кху деношкахь Американ New York Times газетано зорбане яьхна цIераш ю санкцийн тептарехь язйинарш. Евробертан векалшна хетарехь, яздора газетано, санкцеш дуьхьалъяьхначу нахана хууш хила тарло дIовш луш хиларх, я там бу цара дакъалаьцна хила а.

Советан заманахь а, Оьрсийчохь а кечдина "Новичок" олу дIовш хилла Навальныйна делларг аьлла, тIечIагIдира Евробертан масех пачхьалкхашкарчу лабаратореша а, химин герз дихкинчу Организацин экспертша а.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша дIахьедо, билггал Навальныйна тIелатар дина хиларх тоьшаллаш шайгахь дац аьлла. Кхааридийнахь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс дIахьедина, "Евробертан санкцешна изза жоп лур ду" шаьш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG