ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракт ян кечлуш вара аьлла, 14 шо хан кхайкхийна Дагестанерчу вахархочунна


Къилба гонашкарчу тIеман кхело бехке лерина Дагестанан вахархо Гасанов Мурад Кизлярехь дан теракт кечдеш хилла аьлла. Колонин шогачу хьелашкахь 14 шо даккхар тIедожийна цунна, яздо REGNUM агенталло.

Талламчийн версица, 2019-чу шеран Марсхьокху-баттахь байIат дина хилла цо "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан лидерна. Кизляран кIоштара администрацин гIишло эккхийта Iалашо хилла бехкевечун, чIагIдо талламчаша. Билгалъяьккхинчу кIоштахь теракт дан дагахь куьйгайина оьккхуьйтург дехьайоккхучу заманчохь лаьцна ву Гасанов полисхоша.

ДаIишхойн могIарш дузуш вара аьлла, набахтехь даккха 8 шо хан кхайкхийра Нохчийчуьрчу Ноьвран-кIоштарчу Арсанухаев Эйдина.

Террозмна гIо латтош вара аьлла, Къилба гонашкарчу тIеман кхело 6 шо хан туьйхира колонехь даккха Нохчийчуьрчу Таймусханов Султанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG