ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь ковидах велла 12 дархо. Ун даьлла 755 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах кхелхина 12 дархо, вирус къаьстина кхин а 755 стагаца. Эпидемица къийсам латточу Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла виъ дархо, Краснодаран кIоштахь кхоъ, Ставрополан махкахь а, ГIалмакхойчохь а шишша велла, Нохчийчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми юкъаяьлчхьана велла COVID-19 вирусах 1 875 стаг.

ТIаьххьарчу зерашца, къаьсттина дукха бу цомгаш нах Ставрополан махкахь- 167 стаг:
• Ставрополан махкахь +167 (18 560 ву ун даьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь+104 (15 599)
• Дагестанехь + 88 (14 769)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 83 (8 739)
• ГIалмакхойчохь + 85 (7 700)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 79 (8 325)
• Адыгейхь+ 50 (4 749)
• ГIалгIайчохь + 53 (6 508)
• Къилбаседа ХIирийчохь+ 42 (6 420)
• Нохчийчохь + 4 (2 517)

Тахана, ГIадужу-беттан 16-чу дийнахь Iорадаьхначу зерашца, Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирус токхуш ву 93 886 пациент. Оперативан штабан статистикаца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусан уьнца 1 369 313 стаг.

Коронавирусна дуьхьал керла эвсара дарба карийна Гонконгерчу Iилманчашна. Цара бахарехь, RBC олу, хьалхо зорхан доIна дарба деш хилла препарат ю иза.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира хаамбина, коронавирусан уьнах шолгIа вакцина юкъаяьккхина шаьш аьлла.

Оьрсийчоьнан коьртачу санитаран лоьро Попова Аннас дIахьедира, ша хIинцале а шена коронавирусах Iалашъен маха тохийтина аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG