ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сан йоI бер ду, тIемало яц". ГIалагIазакхийн школаш стенна оьшу Краснодарна?


Репенко Ника

Кхушара Краснодар-мехкан Старотитаровская станицерчу школе яхначу йоьIан нанас протестан болам айбина Инстаграмехь, куьйгаш лахьош ю шен кхайкхам къобалбечу нахера – тайнигех къаьстина а довлале, берашна тIеман корматалла Iамо йолор харцо ю, боху цо.

Махкахь губернатор лаьттинчу Ткачев Александра 2014-чу шарахь долийра цхьаццанхьара школаш, школашкара классаш гIалагIазакхийн тIеман хьесапе ерзор.

"Карарчу Хено" ("Настоящее Время") довзуьйту, хIун башхалла ю могIарчуй, гIалагIазакхийнний школашна юкъахь, стенна дуьхьал бу дай-наной.

ГIалагIазакхийн школаш а, церан башхалла а

Старотитаровская станицера Цвилева Екатерина деа беран нана ю. Цомгуш волчу кIентан могашалла меттахIотто лууш, Москвара еана иза кхузахь яха. Цо дийцарехь, цуьнан доьзална тайна, езаелла керла меттиг - Азовн а, Iаьржачу а хIордашна юкъанисъеллачу ахгIайри тIехь тийна еха станица.

XVIII бIешарахь Iаьржа хIордаца дIатарбеллачу гIалагIазакхаша кхоьллина станица – оцу нехан тIаьхьенаш еха цигахь. Иза йоцуш, дуккха а ю Краснодар-махкахь станицаш, гIалагIазакхийн цхьаьнакхетараллаш, атаманаш а бу церан. 60 сов школа яьккхина махкахь "гIалагIазакхийн" статусе, ю 7 кадетийн корпус, 4500 гIалагIазакхийн классаш ю юкъарчу дешаран школашкахь, 14 берийн беш а ю шайх "гIалагIазакхийн" олуш.

"ГIалагIазакхийн хотехь" доьшучу школашкахь кIоргга Iамадо гIалагIазакхийн ламасташ, Краснодар-мехкан истори, керста дин. Дешаран программа хIоттош дакъалоцу Кубанан гIалагIазакхийн бIан векалша а, Краснодар-мехкан гIалагIазакхийн а, тIеман а гIуллакхийн департаменто а, Кубанан университетерчу историкаша а, мохкталлархоша а. ХIора гIалагIазакхийн классана тIехIоттийна ву кIошташкарчу гIалагIазакхийн юкъараллашкара векал – кхетош-кхиорхо. ГIалагIазакхаша берашна дуьйцу малар, цигаьрка озар зуламе хиларх, даймохк беза эшарх лаьцна.

Масех бутт хьалха Старотитаровская станицерчу №6 школехь доьшучу берийн дай-наношна дIахаийтира и школа "гIалагIазакхийн" статусе йоккхуш ю, аьлла. ХIинцале ю оцу школехь оцу кепе ерзийна 2I класс. Кхушара шен йоI Полина оцу школин хьалхарчу классе яхначу Цвилева Екатеринас дагалоьцу:

"Дешаран хьалхарчу дийнахь гулбеллачу дай-наношка элира, Кубанан гIалагIазакхийн бIон атамана Долудой Николайс школа "гIалагIазакхийн" статусе яккха сацам бина. Ас хаьттира, иза муха кхето деза. Жоп делира, иза дешаран шатайпа дика кеп ю, Iилманаш Iаморал сов, довзуьйтур ду гIалагIазакхийн ламасташ, бохура, дай-наноша берашна гIалагIазакхийн духар эца деза, дешархошна бIон дахар Iамор ду".

Екатеринина хетарехь, нийса дац берашна тIе тIеман духарш а доьхна, царна салтийн болар Iамор, школа хуьлийла дац ишта. "Суна чIогIа тайна Кубань. Дика ду гIалагIазакхийн классаш йолуш. Амма къастам бан йиш а йита еза: лаахь - юкъарчу школин дешар, лаахь – "гIалагIазакхийн статус". Суна ца лаьа беранна атаманийн даржаш довзуьйту Iилма хьехийта, стенна хаа деза беранна атаман я есаул мила ву, стенна оьшу бер гIалагIазакхийн низаме даккха. Сан йоI бер ду, тIемало яц, тIеман хеьсапе дерзо ца деза бералла", – боху Цвилева Екатеринас.

"Стенна довза деза беранна атаманан даржаш, цуьнан ламасташ?"

Ши кIира хьалха Екатеринин йоIа доьшучу классе мохк Iаморан урок йоьдуш веана Краснодар-мехкан гIалагIазакхийн кегийрхойн цхьаьнакхетараллин векал Малиновский Александр. Цо хьехна берашна муха хила веза гIалагIазакхи.

Амма дай-наношна хаийтина а дац берашна хьехамаш бан гIалагIазакхийн векал вогIийла.

"ХIара веара, важа веара, бохуш яздо школин сайта тIехь, ткъа иштаниг хьахош а дац дай-наношка. Сан кхетамехь, берашна говзанчаша хьеха деза, педагогика, психологи Iамийна волчу хьехархочо", - тешна ю Цвилева.

ГIалагIазакхи Малиновский школера дIавахча, берашка дай-наношна лерина кехаташ делла педагогаша: доьху берашна меттигерчу атаманийн цIерш а, гIалагIазакхийн итт хьехам а Iамор. Оцу хьехамашлахь ю иштта слоганаш: "ГIалагIазакхийчунна шен сий а, дика цIе а дахарал еза ю", "ГIалагIазакхийн бакъонаш цхьабосса ю ", "Дайн дин леладе, къоман ламасташца ваха». Уьш дагахь Iамае аьлла берашка.

"Со ца кхета, стенна оьшу хьалхарчу классерчу беранна гIалгIазакхийн даржаш хаа. Со ца кхета, стенна хаа еза и слоганаш. Уьш дагахь стенна Iамо езаш ю? Хьалхарчу классехь беран кхетам ледара бу, хьехархочун багахьаьжжина ду иза. Цуьнга боху: "Дагахь Iамаде оцу хеттаршна жоьпаш". Сан кхетамехь адамо 2020-гIа шо тIекхаччалц гулдина Iилма хила деза берашна хьоьхург, бIон дахар хила ца деза", – цецъюьйлу Цвилева Екатерина.

"Ас юкъара низам дохадо боху, куьпан полисхо кхайкхина суна тIе"

Шайн станицера №6 школина елла "гIалагIазакхийн статус" юха а яккхийтина, и школа массанхьа а йолчу юкъарчу школин хьесапе ерзаяйта гIерта Екатерина.

"Со кхета, хIара юрт гIалагIазакхийн ю, сан дуккха а бу доттагIий гIалагIазакхашлахь, царна лаьа школа гIалагIазакхийниг хуьлийла. Делахь а дай-нанойн бакъо хила еза ша бер деша дIалуш оцу дешаран кеп къасто. Конституцино елла бакъо, маршо ю ас елхориг", – боху Екатеринас.

Кху беттан юьххьехь зудчо Инстаграмехь агIо йиллина, цу тIехь цо довзуьйту шен беро доьшучу школехь хуьлуш дерг. Школин директоре Сухоруков Виталийга доьху цо шен йоI гIалагIазакхийн барамашна юкъа цаийзор. Краснодар-мехкан дешаран министре Воробьева Еленига а яздина зудчо, №6 школехь гIалагIазакхийн классаш а юьтуш, ша школа могIарчу статусе яккхахьара, шен беранна къастам бан аьтто лахьара, аьлла.

Цвилеван дехар къобалдечу дай-наноша куйьгаш яздан долийна цуьнан дIахьедарна буха.

"Со куьйгаш лахьо яхара, школина гена доццуш дIахIоьттира. Суна тIерачу куча тIехь йоза дара "Ма ийзаде бералла бIоне" аьлла. Нах ца хIуьттура суна герга бахка. Амма оцу нахах бара школехь дешаран шо долалучу дийнахь шайна ца лаьа шайн бераш гIалагIазакхийн школехь хилийта баьхнарш". Цвилевас дицарехь, иза протесте дIахIоьттар бахаьна долуш, школин куьйгалло гулам дIабаьхьна, дай-наношка школин статус муха хила еза хоттуш. Амма Екатерина ца кхайкхина оцу гуламе.

Зуда школина гергахь нахера куьйгаш лехьош Iачу хенахь Старотитаровская станицин администрацера ши белхахо еана цунна тIе. Иза "массарна а новкъа ю", бита беза ацо ша рабаьккхина некъ, аьлла цуьнга. Полицин белхахо валийна хьал листа, валийна инцидент "дIасаяккха" кIоштарчу гIалагIазакхийн атаман а.

Цвилева Екатерина лерина яц шен Инстаграмера агIо дIакъовла – школа гIалагIазакхийн статусера яккхийталур ю шега аьлла хета цунна. И бакъо йоьхуш цуьнгахьа куьг яздинарг ву … ворхI стаг. Оьрсийчоьнан дешаран министралле а яздина цо арз, доьху "гIалагIазакхийн статусна» бухара даккхар шен йоьIан дешар.

ГIалагIазакхийн школа тайнарш а бу

"Со кху станицехь йина ю, гIалагIазакхи ву шен амалца сан да, сан воIа ша а лору гIалагIазакхи. Хила тарло школа гIалагIазакхийн, амма бакъо хила еза дешаран кеп къасто а. Станицехь дукха бу тIебаьхкина нах, царна дахар кхечу кепехь ган а тарло. Массара а ма ца лору шаьш гIалагIазакхий! " – элира Старотитаровскехь ехачу, шен кIант Тимофей а юьйцучу школин хьалхарчу классехь доьшуш волчу Солонинкина Иринас.

Ша Ирина реза ю шен беранна школехь гIалагIазакхийн ламасташ Iамош хиларна, амма юьту цо шен кхетамехь уьш хьашт доцчу наханна къастам бан бакъо а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG