ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийначу нохчийн жигархочун хIусамнанас дийцина, цуьнан гергарчарна кхерамаш тийсарх


Нохчийн оппозицин жигархочун Тепсуркаев Салманан хIусамнанас Елизаветас дийцина, иза лачкъийна вигинчул тIаьхьа цуьнан гергарчарна кхерамаш тийсарх.

"ЦIийнах мел верг вуьйр ву баьхнера. Тхан вовшашца зIе ца хилийта тIехь терго ю латтош", - аьлла, дIахьедина цо "Насилию.нет" Центрна еллачу интервьюхь.

Тепсуркаев лацарх ма-дарра дийцина Елизаветас. Марсхьокху-баттахь Геленджикехь цхьана ханна болх карийнера цунна. Соьлж-ГIалахь пандеми бахьана долуш балхах ваьллера иза, цул тIаьхьа Нохчийчохь цхьанхьа а бан болх ца карабора. Иза лачкъийначу дийнахь Елизаветин аьтто белира Нохчийчуьрчу Талламан комитетан куьйгалхочуьнца къамел дан, ткъа цо хьехнера кхунна Оьрсийчоьнан Талламан комитете ялар, хIунда аьлча, меттигерчу комитете орца дехар маьIне дац аьлла.

"Кехата тIе охьа а яздай, почтехула дIадахьийта кехат, электронан почта цара дIа ца кхачийта тарло аьллера соьга",- дуьйцу Елизаветас.

Цо бахарехь, Оьрсийчуьра кхечу пачхьалкхе дIа а дахана, цигахь даха лаам болуш хиллера и шиъ.

Ша вадийна вигале хьалха, Нохчийчохь нах лечкъорах, лецарх а дуьйцучу IАДАТ телеграм-каналан модератор вара Салман. Шайн паблик болам бу, ткъа шаьш "Кадыров Рамзанан режимца къийсам латтош ду" боху авторша.

"Новая газетана" къаьстира, Тепсуркаев Салман Гезгамашин-беттан 5-чохь лачкъийна хилар, Нохчийчоьнал а арахьа балха вахначуьра. ШолгIачу дийнахь билгалбелира иза латтош волу меттиг: Соьлж-ГIалара "Терек" СОБР-ан дозана тIехь, яздора газетано шайн материалехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG