ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Charlie Hebdo-н карикатурашна тIехула колледжан хьехархо вийна Францехь


Франци, зулам динчу меттигехь
Франци, зулам динчу меттигехь

Парижана чувуллучуьра Конфлан-Сен-Оноринера колледжан хьехархо вер Францин полицино теракт санна толлур долуш долу. Францхойн хаамийн гIирсаша яздарехь, пIераскан дийнахь урс даьккхина тIелеттачо корта баьккхина хилла хьехархочун. Полисхоша вийна иза лоцучу хенахь. Шен твиттерехь динчу зуламах жоьпалла шена тIе а лаьцна, вийначун сурт зорбане даьккхина хилла цо. Мохьаммад пайхамар аьшнашварна бехкевина хиллера цо хьехархо.

ТIелеттачун твиттерара аккаунт дIаяьккхина.

Le Monde хаамийн гIирсан информацица, тIелеттачуьнгахь хиллачу кехаташца, иза ву 18 шо долу, Москвахь вина, нохчийн диаспоран векал.

ТIелатар динарг нохчо ву бохуш яздо дуккхаъчу хьосташа а, амма официалехь тIечIагIдина дац цкъачунна.

Францин зорбанаша бечу хаамашца, дешархошца дешан маршо йийцаре ечу заманчохь, масала далош цо гайтина хиллера берашна францхойн зорбанашкахь яржийна Мохьаммад пайхамарна ехкина хилла карикатураш.

Францин Iедалан официалан векалша емалдина стаг вер. Зулам динчу меттигехь хилира пIераскан суьйранна пачхьалкхан президент Макрон Эммануэль.

Мохьаммад пайхамарна ехкина карикатураш бахьана долуш Шарли Эбдона даим а кхерамаш туьйсу. 2015-чу шарахь журналан офисна тIелатар дира вежарша Куашиг СаIида а, Шерифа а. 12 стаг вийра хIетахь.

Теракт хиллачул тIаьхьа Шарли Эбдос масийттазза шен агIонашкахь зорбане ехира пайхамарна йина карикатураш. ТIаьххьара 2020-чу шарахь дира тIелетар, 2015-чу шарахь хилла тIелатарх гIуллакх кхелехь листа долийча.

Шарли Эбдоно иштта карикатураш ехкира Нохчийчохь гейш леца болийча а. Карикатурийн турпалхо вара мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG