ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структураша дIахьочу барамашкахь Наьсарахь стаг вийна. Дийцарехь, иза ву стохка Магасехь хиллачу протесташкахь жигара дакъалаьцна Ведзижев Юнус, яздо "Кавказский узел" агенталло.
Наьсарахь пIераскан суьйранна герзаш кхийсина, агенталло яздарехь. Оцу юкъахь иккхина машен а. Полисхоша хаамбора, масех гIаттамхочух лаьтта тоба юкъаерзийна шаьш аьлла.
"ВАЗ-21 машенан урхалла деш хилла цхьа тIемало вийра Наьсарарчу Наьсар-Кортахь йоьдучу леринчу операцехь. 18-зза тIекIелдинчу цIеношна гергахь хIинца а дIайоьдуш ю операци", - аьллачу полисхочун дешнаш далийна "Интерфаксо" а.
Ницкъахойн информацица, герз лелош ву аьлла, лоьхуш хилла Ведзижев Юнус ву иккхинчу машен чохь велларг. Хаам барехь, Наьсарарчу 18-зза тIекIелдинчу цIа чуьрчу цхьана петарехь вехаш вара иза.
Ведзижев валар тIечIагIдина иштта ФортангаORG Telegram-канало а.
"Кавказский узел" агенталло хаамбора, Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно латтанаш хийцарна дуьхьал хIиттийначу протестийн декъашхо хилла хиларх Ведзижев. Кху шеран Чиллан-баттахь полисхой цуьнан цIийнах а хьоьвсинера. Ша лаца гIоьртича вада аьтто баьллера цуьнан хIетахь.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ