ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь 25 дархо. Ун даьлла 760 стагана


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла 25 дархо, ун къаьстина кхин а 760 стагаца.

Эпидеми ца яржийта кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина ворхI стаг, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а велла виъ-виъ, Краснодаран а, Ставрополан а мехкашкахь а, Къилбаседа ХIирийчохь а велла шишша, Нохчийчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана велла COVID-I9 вирусах 19 00 стаг.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Ставрополан махкахь бу ун даьлла нах алсам -171 стаг:

Ставрополан махкахь +171 (18 731 ву ун даьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь̆ +102 (15 701)
Дагестанехь + 87 (14 856)
ГIебарта -Балкхаройчохь+ 83 (8 822)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 81 (8 406)
ГIалмакхойчохь + 80 (7 780)
ГIалгIайчохь + 55 (6 563)
Адыгейхь+ 53 (4 802)
Къилбаседа ХIирийчохь+ 43 (6 463)
Нохчийчохь+ 5 (2 522)

Тахана, ГIадужу-беттан 17-чохь верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун токхуш ву 94 646 стаг. Оперативан штабан статистикаца, йоллу Оьрсийчохь ву COVID-19 вирус кхетта 1 384 235 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG