ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Парижехь гулам хилла вийна хьехархо дагалоцуш


Парижна гергахь ГIадужу-беттан 16-чу дийнахь вийна хьехархо Пати Самюэл дагалоцуш, гуламаш дIабаьхьина Францехь кIирандийнахь. Иза вер терроран тохаран могIарахь толлуш ду полицино.

"Дуьненаюкъарчу францхойн радионо" бечу хаамца, яккхий манифестацеш хилла Париж, Лион, Бордо, Страсбург, Лилль, Нант, Марсель гIаланашкахь.

Парижерчу Республикан майдана баьхкинера эзарнаш нах. Гуламехь дакъалецира Францин премьер-министра Кастекс Жана а, дешаран министра а, Парижан мэро а, бевзаш болчу кхечу политикаша а, яздо прессехь.

Парижерчу акцин хьалханча яра сатирикан Charlie Hebdo журналан редакци а, хьехархойн юкъаралла а.

"Со Самюэл ву", "Со хьехархо ву" аьлла дара гуламхошкара плакаташ – цара дагадоуьйтура 2015-чу шарахь оцу журналера журналисташ байъича, ерриг а Европехула даьржина хилла йоза "Со - Шарли" (Je suis Charlie). Акцин декъашхоша тIечIагIдира шаьш дешан маршо езаш а, низамаш лардарехьа а хилар.

Хьехархо Пати Самюэл вийначу Конфлан-Сент-Онорин меттехь, цо болх бинчу колледжана хьалха зезагаш дохкура, чиркхаш летабора бахархоша.

Историн а, георграфин а хьехархо Пати вийра пIераскана. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна 11 стаг лаьцна. Царалахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Иттех де хьалха, Конфлан-Сент-Онорин школехь доьшучу цхьана йоьIан деца дай-нанойн хьехархошца цхьаьнакхетачу бараме а веана, карикатураш берашна гайтина хеьхархо балхара дIаваккха баьхна хилла цо. Ткъа тIахьо YouTube машанехула видео арахецна Пати Самюэлна бехкбуьллуш.

Баьржинчу хаамаша бахарехь, 2014-чу шарахь Парижехь Палестинин агIолоцуш гIиттийначу гуламашкахь 'ХЬАМАС тобанехьа къамелаш деш а хилла Сефриуи. 2004-чу шарахь волавелла иза бусалба ламасташ, къевлина духар лардарехьа хIитточу акцешка.

Лецначаралахь ву 18 шо долчу экстремистан гергара виъ стаг а.

XS
SM
MD
LG