ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьехархо верца йоьзна кхин а операцеш дIахьуш ю Францин полици


Парижехь гулам хилла вийна хьехархо дагалоцуш. Стаг веро эргIадбахаран тулгIе гIаттийна Францехь

Исламист хила мега аьлла шеко йолчу стага францхойн хьехархо вер толлуш керла операцеш дIахьуш ю шаьш аьлла хаам бина Францин Iедалша.

Историн хьехархочун Пати Самуэлан кортабаьккхина ГIадужу-беттан I6-хь Парижана гергахь йолчу Конфлан-Сент-Онорин гIалахь цо болх бечу школана уллехь, 18 шо долчу жимачу стага. Иза цул тIаьхьа герз тоьхна вийна полицино.

ТIелетар дина, Оьрсийчохь вина волу нохчо, вехаш хилла Парижана къилбаседа-малхбузехь йолчу Эврё гIалахь. Хьалха иза вевзаш ца хилла лерринчу сервисийн белхахошна. Стаг веро эргIадбахаран тулгIе гIаттийна Францехь, иза емалдина президента Макрон Эммануэла а, политикан партеша а.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманин Джералда дIахьедина тахана, ГIадужу-беттан 19-хь, Францехь 80 таллам дIахьуш бу, интернетехь цабезаман чулацам болуш къамелаш зорбане дахарца доьзна аьлла. Дарманина иштта хаийтина Iедалш Францера цхьайолу бусулба юкъараллаш дIасахецарца доьзна хаттар дийцаре деш хиларх лаьцна, уьш ницкъ барехьа а, цабезамехьа а пропаганда еш ю аьлла бехке ярна.

"ХIинцале а дIаяьхьна полицин операцеш, кхин а керла операцеш а хир ю, иттаннаш нахах хьакхалур йолу", аьлла цо Europа 1 радион эфирехь.

Хьалхо хьехархочо Патис, урокехь дешан маьршонах лаьцна дуьйцуш, шен дешархошна гайтина хиллера Мухьаммад Пайхамарна ехкина хилла карикатураш, цу кепара масийтта бусалба динехь болчу дешархойн дай-наной оьгIаз а бохуьйтуш. Хууш ма-хиллара, Пайхамарах лаьцна муьлхха а сурташ дахкар сий дайъар лору бусалба наха.

Хьехархочо Патис болх бечу школехь доьшучу цхьана йоIан дас, вевзаш волчу исламисто кхайкхам бина хилла Пати вен веза аьлла, хаам бина Дарманина.

"Схьагарехь, хьехархочунна дуьхьал фетва арахецна хилла цара", - аьлла Дарманина.

Reuters агенталло, цIе ца яьккхинчу хьастана тIе а тевжина, хаам барца, Франци дагахь ю экстремистийн динан кхетам болчу нехан тептарна юкъахь волу кхечу пачхьалкхера 231 стаг махкахваккха.

Стаг веро Iадийна Франци, ткъа хиллачо дагадахкийтина Пайхамарна Мухьаммадана ехкина карикатураш зорбане яьхначу Charle Hedbo сатиран журналан офисашна 5 шо хьалха дина тIелатарш.

Комментареш

New Comments Available

Тепсуркаев Салман хьехош кIордийна, иза леха а хьашт дац, аьлла хетарш бу Маршо Радион сайте хьовсучаралахь. Иза нийса дуй шун кхетамехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG