ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

COVID-19 Къалбаседа Кавказехь: дийнахь-буса велла 13 стаг, цомгуш хилла 781


ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь 13 вахархо велла, цамгар хьахкаелла кхин а 781 стагах.

Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгарх пхи стаг, Ставропол-махкхаь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – кхоккха. Дагестанехь – шиъ.

Дийнахь- буса а, пандеми яьржичхьана а регионехь цомгуш хилла:

  • Ставропол-мохк +170 (19076)
  • Краснодар-мохк+102 (15909)
  • ГIалмакхойчоь + 87 (7956)
  • Дагестан + 86 (15030)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 84 (8990)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 85 (8574)
  • Адыгей + 61 (4918)
  • ГIалгIайчоь + 53 (6667)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 46 (6554)
  • Нохчийчоь + 7 (2535)

Къилбаседа Кавказехь ун даьржичхьана схьа цомгуш хилла 96209 стаг, велла царех 1924. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду 1 415 316*.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико юкаълоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал а.

  • Коронавирусах цомгуш хуьлурш алсамбевллехь а, цкъачунна Къилбааседа Кавказехь кхайкхош яц карантин, амма нах декхаребо масканаш лело.

XS
SM
MD
LG