ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь лаьцнарг къерахилла ша йоI хьийза а йина, ерах  


8 шо долу йоI ша лурчах хьийза а йина, ерна къерахилла зуламца доьзна лаьцна дагестанхо. Оцу хьокъехь РИА Новости агенталло хаам бо Дагестанерчу Талламан комитетан урхаллерчу пресс-векалтанна тIе а тевжаш.

"Ша Iоравоккху билгалонаш дуккха а хиларе терра, динчу зуламна къерахилла и стаг, йоI йийна меттиг зуьйчу муьрехь цо мукIарло дина оцу хьокъехь. МукIарло тIечIагIден тоьшаллаш гулдеш бу таммачаш", – боху хаамехь.

36 шо долчу Леваши юьртан вахархочунна лоцу кеп къастор ю кхело.

Каспийскера Омарова Калимат яйра 2018-чу шеран аьхка: бепик эца араяьлла иза ца еара шен цIа. Ши бутт гергга хан яьлча гIалин йистерчу аьхка чохь беран дакъа карийра, тIоьрмиг чу а лацкъийна, дIакхоьссина.

  • Маршо Радионо яздина ма-хиллара, йоI лаха дукха нах арабевлира Дагестанехь, баьхкира луларчу мехкашкара волонтераш а.
  • Масех де даьлча, экспертизин гIоьнца бен ца хиира карийна дакъа Калиматан дуйла.

XS
SM
MD
LG