ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйна деллачу дIаьвшо дагадоуьйту муха вийна банкир Кивелиди


Оьрсийчохь деккъа цхьа дов бен ца хилла "Новичок" дIовш даларца доьзна айдина - иза дагалоцуьйту Навальный Алексейна дIовш даларо, яздо "Важные истории" ("БIаьрла хиламаш") цIе йолчу хааман гIирсо.

1995 шеран Марсхьокху-беттан 1-чу дийнахь цIеххьана тиларчуьра а ваьлла, дарбан хIусаме вигира шен Росбизнесбанкан кабинет чуьра Кивелиди Иван. ШолгIачу дийнахь оццу хьолехь дарбан цIийне йиллира цуьнан гIоьнча Исмаилова Зара а. Пхи де даьлча бекхтакхаман гIуллакх гIаттийра прокуратуро. ДIаьвшах велира банкир а, цуьнан белхахо а. Талламо "девзаш доцу дIовш" делла бохура царна. Ткъа хааман гIирсо бяздарехь, хилла иза "Новичок".

Кивелидин валар толлучу президентан гIуллакхийн урхаллин клиникерчу лоьрашна а, Москва гIалин №1 йолчу клиникан хIусамна а, ур-атталла кхеламн медицинан эксперташна а ца карийна беллачаьрца цхьана а девзаш долчу дIавшан лар.

Деккъа дIа цхьана геннарчу битамашна тIе а тевжаш, "евзаш йоцу коьчал" йиллина банкир а, цуьнан гIоьнча а даларан бахьане. "ЦIийца холинэстераза лахдалар" аьлла хIоттийна царна диагноз. "Холинэстераза – коьрте дегIах доладойту элемент ю, иза тоьаш ца хилча лацало дегI", -яздина хIетахь таллам бинчу лоьраша-эксперташа.

Навальный Алексейна холинэстераза тоьаш яцар билгалдаьккхира иза тиларчуьра ваьлла а волуш Берлинерчу "Шарите"клиникехь цунна дарбадечу лоьраша.

Навальный кеман чохь тиларчуьра ваьллийла, цунна дIовш делла хила тарлойла кхеттачу цуьнан накъосташа сихха дIалахьийра иза чохь Iийначу томскерчу Xander Hotel хьешан цIийнера цо лелийна хIуманаш. Иштта Германе дIакхачийначу хин шишанашна тIехь а карийна "Новичок" дIаьвшан ларш, чIагIдо Европерчу эксперташа.

Стенна йисина Навальныйн куьг кхетта хила тарлучу шишанашца дIаьвшан лар а гойту Кивелиди верах долчу гIуллакхан материалаша. Царна тIехь боху, хи санна коча, амма дукъо ду Кивелидина делла дIовш, иза чекхдолу маьIачу хIуманах, ткъа ца долу чекх резаьнкех. Цундела йисина хилла дIаьвшан ларш, хIонехула яьржина янза, банкиран телефон тIехь.

  • Навальный Алексей дIаьвшан симптомашца Омскерчу дарбан цIийне кхачийра байначу беттан 20-чу дийнахь. Томскера Москва доьдучу кеман тIехь тиларчуьра ваьллера иза. Ши де даьлча вигира Берлинерчу "Шарите". Клинике. Шина кIиранах Iийра кхетамчуьра ваьлла.
  • Навальныйна "Новичок" дIовш делла хилар гучудаьккхира Германерчу а, Францерчу а, Швецерчу а лаборатореша. ДIовш цунна муха делла хууш дац хIинца а. Германерчу Der Spiegel–о бахарехь, Навальный Iийначу Томскерчу отель чуьрчу хин шишанна тIехь а карийна дIаьвшан лар.
  • Навальный дарбан хIусаме вуьллушехь дийхира цуьнан накъосташа Iедале иза вен гIортар талла долор. Оьрсийчоьне талламбар дийхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан Берто а. Амма Оьрсийчоьнан Iедална оьшуш ца хета бехктакхаман гIуллакх схьаделла. Иза шек ду Навальныйна дIовш делла бохучух – Оьрсийчуьрчу лабортаторешна ца карийна цуьнца дIовш.
XS
SM
MD
LG