ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан эскарера 100 000 дарж дIадаккхар хьоьху финансийн министралло


Финансийн министралло Оьрсийчоьнан эскаро ен харж лахъен некъ лехна. Оцу хьокъехь кечдина документ хьажийна цо пачхьалкхан Кхерамзаллин кхеташоне, хаам баржийна кехатийн копина тIе а тевжаш, "Известия" газето. ТIеман министраллин векалша даредина и документ шайга кхаьчна хилар.

Харж яцъеш бечу хьехамашкахь хьалхарниг бу эскарера даржаш 100 эзарна лахдар – 10%. Оцу Iалашонца, финансисташна гарехь, дIадаха тарло белхахой боцуш деса лаьтта а, эшначу хенахь тIаме хьовсош боцчийн а даржаш: медикийн, хьехархойн, кадраш латточу эпсарийн, финансистийн, юристийн, кхача-йийбар лелочу белхахойн а даржаш.

Цул совнаха, ахча кхоош духар, йийбар лело йиллина хан яхъяр а, контрактхошна кхача тIеман хьелашкахь бен цалаттор хьоьху финансийн министралло.

Дика хир ду аьлла хета министраллина, пачхьалкхехь хуьлучу инфляцига хьажжина, тIеман пенсионерашна хIора шарахь 2% ахча тIетохарх долу низам юхаэцча а, пенси 25 шарахь эскаршкахь къахьегча бен цадалар а. ТIеман гIуллакх дар цаларар хьоьху финансисташа эпсарша доьшуш даьхна шераш а. Ткъа карарчу хенахь пенси яздо эскархочунна цо 20 шарахь дакъошкахь къахьегнехь. ЖамI: хIинцачул тIаьхьа 30 шарахь эскарехь къахьегна хила беза пенсе боьлху эпсар.ш

Эпсаршна, контарктхошна ипотека луш йолу хан а хьайо финансийн министралло: дешна ваьллачул тIаьхьа 5 шарахь болх бан беза иза эца.

Харжаш лахъен хьехамаш хьовсийра финансийн министралло дIадахначу кIиранах кхечу урхаллашка а – цунна бIегIийла хета чоьхаьрчу гIуллакхийн министралла а, набахтийн урхалла а, кхелашкара пурстоьпаш а, пачхьалкхан документаш, пошта дIасалелош йолу фельдъегерийн урхалла а цхьаьнатохар. Оцу массо а хьукматашна а хьоьху 10% даржаш лахдар а, пенси белхахошна луш йолу хан а лакхаяккхар а.

Ши бутт хьалха президента Путин Владимира шен омрица юхадаьккхира лаккхарчу даржашкахь болчу эпсаршна холхазах бина куйнаш лелор тIедожош долу низам. И куйнаш хуьйцур ду механа дораха нислучех.

XS
SM
MD
LG