ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара цIадалийна 27 бер дIасаделла гергарчаьрга, шиъ ду Нохчийчуьра


Нохчийчуьрчу гергара нахе дIаделла Шемарчу Эл-ХIол лагерера Москва кхачийна хилла ши бер. Дагестане дIакхачийна – 17. Пензе – 4. Шишша – Кемеровон а, Волгоградан а мехкашка. Кху беттан 16-чу дийнахь тIеман министраллерчу кеманца уьш Москва схьакхачийна хилар хаийтира Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Кузнецова Аннас.

Цо бахарехь, берийн рогIера тоба а ю Шемара Оьрсийчу дIайига гулъеш.

  • Малхбалерчу тIемаш лаьттачу мехкашкара кIелхаьардоккхуш кху шерашкахь Оьрсийчу дIадигана 224 бер.

XS
SM
MD
LG