ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан экономика кхиоран министр жоьпе озийна гергарчунна ахча яздарна


Белхан низам талхорна таIзар кхайкхийна ГIалгIайчоьнан экономика кхиоран министранна. Зудчо шен урхаллехь болх бечу гергарчу стагана дика болх барна луш долу ахча яздина хилла. Ца хаийтина цо шел лакхарчу хьаькаме гергарлонехь волчу белхахочунна ша совгIат дойла.

"2020-чу шеран Товбеца-баттахь, прокуратуро таллам болийча бен ца бахьийтина цо лакхарчу урхалле ша совгIат деш хиларх лаьцна хаам. Цо ахча яздина цуьнан гергара стаг шен лаамца дIавалийтина даржера", - боху Оьрсийчоьнан Инарла прокуратурин пресс-векалто.

Министр йисина шен даржехь.

  • ГIалгIайчуьрчу хьаькамех иттаннашна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш гIиттийна кху тIаьххьарчу шарахь. Дукха хьолехь цаьргара дуьйлу сакхташ хуьлу белхан кехаташца кийтарлонаш лелор, шайгарчу даржаша лучу бакъонел совбийлар, бюджетера ахча Iалошоне дехкинчу доцчу гIуллакхашка хьийсор.
  • Кху шеран аьхка бехктакхаме озийна ГIалгIайчоьнан премьер-министр Iийна Гагиев Руслан. Шегарачу даржо лучу бакъонел совваларна бехкево иза. Республикан бюджетна цо дина 37,5 млн зен, чIагIдо талламо.

XS
SM
MD
LG