ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчохь интернет язлур ю экономикан проблемаш бахьанехь


2021-чу шарахь интернетан мах 10% лакхабала мега пачхьалкхо цунна тIехь терго латторца а, сом кхечу валюташца дуьстича дайдаларца а доьзна. Иштта ду TelecomDaily агенталло зIенан опраторшка динчу хеттарша гойту жамI.

Интернетах бахархой бузучу хьукматаша мах бестор бу бохучух тешна бу Оьрсийчуьрчу зIенан компанийн 86% векалш. 60% жоьпаш деллачарна хетарехь, и мах 10-15% лакахбер бу. Ткъа зIенан белхахойх уьтталгIа дакъа тешна ду и процент 20-не хьалагIур хиларх.

Хеттаршна жоьпаш деллачара бахарехь, интернетан мах лакхабаларна кхерам латториг пачхьалкхан экономика гIелъялар а, нахехь ахча кIезиг дисар а ду. 56% зIенан хьукматийн векалша бахарехь, сом дожар ду коьрта бахьана. 30% реципиенташна коьрта бахьана го пачхьалкх интернет яржар шен караэца гIертарца – масала, депутата Яровая Иринас шен жигараллица интернетах пайдаоьцучех лаьцна йолу информаци Iедалан хьукматашка дIакхачош долу низамаш юкъадаккхийтар.

XS
SM
MD
LG