ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь 24 стаг велла уьнах, 712 цомгуш хилла тIаьххьарчу дийнахь-буса


24 пациент велла уьнах, керла црмгуш хилларг ву 719. Иштта бу Къилбаседа Кавказера официалан ковид-хаамаш тIаьххьарчу дийнахь-буса.

Оперативан штабо бахарехь, уьнах исс стаг кхелхина Дагестанерчу дарбан хIусамашкахь, пхиъ – Краснодар-махкахь, виъ – Ставропол-махкахь, кхоъ – ГIалгIайчохь, шиъ - ГIебарта-Балкхаройчохь. Пандеми йолаелчхьана уьнах велла регионехь 1948 стаг.

Мехкашкара дийнахь-буса а, юьхьанца схьа а цомгуш хилларш:

  • Ставропол-мохк +174 (19250)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 108 (9098)
  • ГIалмакхойчоь + 85 (8041)
  • Дагестан + 85 (15115)
  • Кхарачой-Чергазийчой + 84 (8658)
  • Адыгея + 64 (4982)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 48 (6602)
  • ГIалгIайчоь + 40 (6707)
  • Краснодар-мохк +25 (15934)
  • Нохчийчоь + 6 (2541)

96928 вахархочуьнца хааелла коронавирус Къилбаседа Кавказехь, боху 1едалан статисташа. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь* ду 1 431 635.

*Оьрсийчоьно шен статистика юкъаозийна аннекси йинчу Г1ирмера дараш а.

XS
SM
MD
LG