ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга дIахьедар дарна шена кхерамаш туьйсу, боху Венехь вийначу Умаровн зудчо


Яхначу аьхка Австрехь вийначу политикан эмигрантах Умаров Мамиханах (Венера Анзор) йисинчу Умарова Заремас дIахьедина, шена социалан машанашкахула кхерамаш тийсина ца Iа, тутмIаьжиг юьхьах йоллу цхьа стаг чугIиртина шен хIусамна, аьлла.

Умаровас дийцарехь, кхерамаш тийса болийна цунна цо Кадыров Рамзане социалан машанашкахула дIахьедар динчул тIаьхьа – бутт хьалха зудчо видео яржийра Нохчийчоьнан куьйгалхо шен майра верна бехкевеш.

"ГIадужу-беттан 9-чохь, делкъе хуьллуш, сан петара чу кхача гIиртира суна вевзаш воцу стаг, юьхьах маска йоллура цуьнан", - хаам бина Умаровас. Зудчо неI ца йоьллуш, телефон тоьхна полице, цо полисхочуьнца къамел деш а хезна, къайлаваьлла веанарг.

"Ас массарна а хоуьйту ас шена критика ярна Кадыров Рамзана киллер сайна т1аьхьаваьккхина хилар", – аьлла бу Умарова Заремас социалан машанашкахь баржийна хаам.

Кавказ.Реалиигахь яц цкъачунна Умаровас динчу дIахьедарна Австрерчу полицино йина комментари.

  • «Венера Анзор» цIарца вевзаш хилла Умаров вийра Австрин коьртачу шахьарахь байначу беттан 4-чу дийнахь, коьртах герз тоьхна. YouTube-каналехула Кадыровна а, цуьнан гонна а ира критика еш хуьлура иза. Иза верах йолчу шеконца лаьцна Австрин полицино Нохчийчуьра схьаваьлла ши стаг - Ахтаев Сар-Iела а, Магамадов Салман а.
  • Австрин Конституци Iалашъяран а, терризманна дуьхьалояран а урхалла ю зулам толлуш. Цкъачунна Умаров веран бахьана довзийтина дац талламо. Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министра дош делла и вейтинарш Iорабаха.

XS
SM
MD
LG