ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марина. "Суна чIогIа лаьара кхузара дIаяха, белара яха меттиг"


Шен хинволу цIийнда-шемахо вевзинера Маринина Китайхь. Цигахь магистратурехь доьшуш дара ший а. 2012-чу шарахь университет чекхъяьккхинчул тIаьхьа Латаки дIадахара и шиъ. Iедалан эскаре кхайкхира Маринин майра.

Оьрсийн Свобода Радион а, Настоящее Время телеканалан а юкъахь йолийначу проектан цхьа дакъа ду хIара текст. "Iарбийн буьйса. Оьрсийчуьрчу зударийн Шемахь хилла истореш" ("Арабская ночь. Истории россиянок в Сирии").

Шемахоша Iаламат дика тIелецира со. Амма Керлачу шарахь, сайн кхузахь дуьххьара хиллачу дезачу дийнахь, йилхира со. Цхьа довха, малх къегина де дара иза! Корах ара хьаьжча гуш пальма яра, цуьнга а хьоьжуш, йоьлхура со.

Цхьа Керла шо ду-кх хIара аьлла, ойла яцара.

Санта-Клаусан духар доьхначу туьканан йохкархочунна тIехбуьйлу шемахой. Димаьшкъа, 2011 шо
Санта-Клаусан духар доьхначу туьканан йохкархочунна тIехбуьйлу шемахой. Димаьшкъа, 2011 шо

Шемахь цу дийнахь шашлыкаш йотту, ткъа буьйсанна фейерверк хIоттайо. Амма ца хуьлу шийтта сахьт хьаладолучу заманчохь достуш маларан шишанаш а, йа вовшашна луш совгIаташ а.

Культурехь яккхий башхаллаш ю. Хила тарло и, Шемахь йовха хиларца, къаьсттина аьхкенца. Масала, цхьаъ эца лууш велахь, суьйранна бен ца воьду, малх дIабуьзначул тIаьхьа. Цундела, массо а базараш буса 12 сахьт даллац бохург санна, болх беш хуьлу.

ПIерасканан деношкахь ерриг а къевлина хуьлу: оцу деношкахь чохь соцу, ламазаш а деш. Ураме валахь, йоллу гIала а дийна йоцуш санна хетало.

Со Iарбошна юкъахь ехара, цхьа а оьрсийн мотт буьйцучех еххачу хенахь ца вевзара суна. Оцу бахьанашца, аьтто хилира сан мотт сихха караберзон. ВорхI-бархI бутт баьллачул тIаьхьа жимма мотт бийца йолаелира со. ХIусамда эскаре вахча, Латакерчу институте оьрсийн мотт хьеха балха хIоьттира со.

"Сайн дахар хIинцца чекхдолу, аьлла, хетара суна"

Шема со йоьдучу хенахь, суна моьттура, телехьожийлехь ма-гойттура, йоллу гIала хIаллакйина хир ю, амма Латакехь ишта ирча сурт дацара.

Демонстрацеш а суна ца гира. 2011-чу шеран юьххьехь адам урамашка дуьйлуш, туьканаш йохош, машенийн чкъургаш ягайора бохуш, дуьйцура.

Амма 2012-чу шарахь массара а белхаш дIаболийнера, студенташ а, дешархой а деша а буьйлабелира. Дукха бара тIебаьхкина нах. Кеста дерриг а доьрзур ду аьлла, хетара суна.

ТIаьхьо тIемаш буьйлабелира гIалина чувуллучохь. Дийнахь а, буса а Латакехь дуьйлу герзаш схьахезара. ЦIа чуьра кораш даим а дегош хуьлура. Хан йогIура буса дIайижа а кхоьруш. Амма дIагIойла дацара сан, сайн цIийндеца уьйр хаьддера сан. Эскаре кхаьчхьана кест-кеста зIе йоцучу меттиге нислора иза.

КIиранаш дIаоьхура, вовшашка телефон тоха аьтто ца болуш. Оьрсийчу цуьнгара кост кхаччане а кхочур дацара соьга.

Шемарчу эскаран танк, 2013 шо
Шемарчу эскаран танк, 2013 шо

ТIемаш бина вацара сан хIусамда, амма 2012-чу шеран чакхенехь церан тIеман декъана тIелеттера "Джебхат ан-Нусра" олу тоба.

Телевизионехь сюжет гайтира, террорхой церан декъана тIелеташ, йийсархой лоьцуш, цхьанна етташ. Цуьнан деца а, ненаца а дийно сарралц оцу репортажашка а хьоьжуш, доьлхура тхо. Сайн дагахь ас дIавоьллинера сайн цIийнда.

Цхьа дей-буьйсий даьлча телефон туьйхира. Сай майрчун а, цхьаболчу цуьнан накъостийн а ка яьлла хиллера кIелхьарабовла. Оцу кепара мIаьргонаш дукха тIеIитталора: царна тIелетара, амма кхеран бевдда бовла аьтто болура.

Кхераме дара 2018-чу шеран гурахь Израило Латакина тохарш долийча (2018-чу шеран Гезгамашин-беттан 17-чохь Израилан кеманаша тохараш дира Латакерчу тIеман гIишлошна а, герз латточу объекташна а. Израилан урахаллана хетарехь, цара пачхьалкхна кхерам латтабора).

Тхан цIенна улло деттара хIоънаш. Доллу цIа дара дегош, моьттура хьан кора кIел лелхаш ю бомбанаш. Цхьана 20-х минотехь охьаоьгура уьш саццанза. ХIинций-хIинций со лийр ю моьттура суна. Амма, зай-диттийн аренашка бен ца кхочура хIоънаш.

"Суна чIогIа лаьара кхузара дIаяха, белара яха меттиг"

Iаламат хала ду кхузахь ваха. Даим дIайоккху серло, Iай а цхьана. Стохка къаьсттина шийла яра. Милла яла дIаюьжура со, иштта шеллуш сама а йолура. Хица а бала хьоьгу даим а.

Оьрсийчу со яхначу хенахь, суо ялсамане кхаьчча санна хетара суна. Цкъа а ца моьттура суна, биргIанашчухула охьадогIучу хинан а, хIусамехь йогучу серлонан а айса оццул тIалам бийр бу.

Алеппора доккха маьждиг, 2013 шо
Алеппора доккха маьждиг, 2013 шо

Кхин дIоггара йохийна яц Латаки. Транспорт а болх беш ю, автобусаш лелаш ю. Дукха хан йоццуш Димаьшкъа даханера тхо, тIехдовлуш бIаьрго лецира сан йохийна гонахара меттигаш. Цо Iадийра со.

Ткъа Хомсехь хIинца а ю йохийна кIошташ, цхьа дийна йоцучу гIалахь санна. Юкъ-кара мегар долуш го урамаш, цигахь схьайиллина цхьа хаза туьканаш, дуьладелла лела адамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG