ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIахецна Францехь хьехархо вер толлуш лецна Анзоров IабдуллахIан гергарнаш


Парижна гергахь хьехархо Пати Самюэль вийча болийна таллам дIахьош лецначу нахах 6 стаг дIахецна Францин полицино, хаам бо France Info радиостанцино.

Журналисташа дийцарехь, мукъабаьхначаралахь бу бехкевечу Анзоров IабдуллахIан да а, деда а, жимахволу ваша а.

Изоляторехь вуьсуш ву хьехархо вер толлуш лаьцна I0 стаг, шайлахь Патис болх бинчу школехь доьшучу цхьана йоьIан да а – зулам дале даьхкинчу деношкахь цо видео яржийна хилла машанашкахула Шарле Абдо журнало ехкина карикатураш берашна хьехархочо гайтар емал деш, яздо Regnum агенталло.

47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра пIераскана. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна лецначаралахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Цо а арахецна YouTube машанехула Пати Самюэлна бехкбуьллуш видео.

Зулам терроран тохаран могIарахь толлуш ду. Францехь, наха эзарнашкахь дакъа а лоцуш, протестан акцеш хIиттира Пати Самюэль верца доьзна.

XS
SM
MD
LG