Зугдиди гIаларчу "Гуьржийчоьнан банкехь" нах закъалте лецна Iийна стаг полицин машенахь ведда, хаам бо "Эхо Кавказа" проекто.
Гуьржийн телеканалаша шайн эфирехь гайтина камуфляж йоьхна стаг, ши куьг а айдина, карахь, гарехь, граната а йолуш, шеца вихкина валош масех стаг а волуш, банка чуьра араволуш. Цо шеца буьгучу нахах цхьаъ ву тоьрмиг а эцна воьдуш – ахча хуьлучух тера ду цу чохь. Иза меттигерчу полицин буьйранча ву, аьлла бу официалера боцу хаам.
Шеца и нах а эцна, полицин машенахь къайлаваьлла зуламхо.
ТIаьхьо Гуьржийчоьнан Iедалхоша хаийтина тIелеттарг банкера 500 эзар доллар схьа а эцна, иза дагар а дина, дIавахана хилар. Хьалххе шена кечйина хиллачу машена а хиина, Самегрело регионан агIор дIа а вахана, кхо закъалтхо некъаца а вуьтуш, ахчан тоьрмиг а эцна, хьаннашкахь къайлаваьлла иза.
"Талор ", "низамехь а доцуш герз лелор", "Iазап латтор" – иштта бу къола динчунна дуьхьал айбина бехкаш.
ВорхI сахьтехь сов Зугдидин банк а, закъалтхой а лецна латтийна, туьмIажиг юьхьах а йоллуш тIелеттачу талорхочо. Банк чохь хилла оцу сахьташкахь цуьнан белхахой а, чубаьхкина нах а - 40 сов стаг.
Ахча а, беракема а, шена кхерам а боцуш дIаваха автобус а ялар тIедожийна хилла цо юьхьанца.