ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу хьехархочух къастаран церемони дIаяьхьна Парижехь


Парижан йистехь кху беттан 16-чу дийнахь вийначу хьехархочух Пати Самуэлах къастаран церемони дIаяьхьна Сорбоннехь.

Тезетан бараме венера массийтта бIе стаг, шайлахь Фрнацин президент Макрон Эммануэль а, 100 гергга дешархой а болуш.

Макрона шен къамелехь билгалдаьккхира, хьехархо кIиллоша вийна, цо дуьненан, демократин мехаллаш яржош хиларна, аьлла. "Оха букъ тухур бац карикатурашна", — элира Францин президента.

Хьалхо хаийтина ма-хиллара, тезетан барам болалале Макрона Лараме Легионан совгIат дина хьехархочунна. СовгIатан командор ву Пати – иза шен дозаллица кхоалгIачу меттера совгIат да Францехь. Стагна иза велча далар – цхьа наггахь хирг бен дац.

47 шо долу историн а, георграфин а хьехархо Пати Самюэл вийра пIераскана. Зулам дарна бехкево Москвахь вина, дуккха а хан хьалха доьзал Францино тIеэцна волу Анзоров IабдуллахI. Иза ша а вийна лоцучу муьрехь полисхоша. Социалан машанашкахь иза радикалан кхайкхамаш беш лелла хилар билгалдоккху прессо. Хьехархочо ша вен масех де дуьсуш, школехь берашна дешан маршонан мах буьйцуш, довзийтина хилла Charle Hedbo журнало Пайхамар Мухьаммад аьшнашвеш дехкина суьрташ.

Пати верца доьзна лецначаралахь ву исламист-жигархо Сефриуи IабделIаким. Цо а арахецна YouTube машанехула Пати Самюэлна бехкбуьллуш видео.

Зулам терроран тохаран могIарахь толлуш ду. Францехь, наха эзарнашкахь дакъа а лоцуш, протестан акцеш хIиттира Пати Самюэль верца доьзна.

XS
SM
MD
LG