WhatsApp-месенджерехула Нохчийчуьрчу нахе шена къинтIерабовлар доьхуш Гихтарчу вахархочо даржийна къамел довзийтина пачхьалкхан "Грозный" телеканало.
Репортажо бахарехь, фейк-хаам баржийна хилла гIойтIахочо, махкахула берашна кхерамаш туьйсуш, Ford машенца ваьлла лелаш ву цхьа стаг, аьлла.
"Шен дагахь, бераш нийса Iамадайта, Довтаев Лоьмас доттагIчуьнга хаам бахьийтина. Ткъа вукхо и хаам шор а беш WhatsApp-е биллина, цунах алссам фантази йолу деза адам деш", - яздина телеканало шен инстаграм-агIонехь.
- "Грозный" компанино кест-кеста гойту республикан бахархошка ницкъаша дареш дойтуш, "халкъ къинтIерадохуьйтуш". Хьаькамашна товш йоцу комментарещ ярна, социалан машанашкахь посташ хIитторна эфире ийзабо зударий, божарий, бераш. Дай-наноша бехк цабиллар доьху махке шайн беро арахь гIант дохийча, къаной юьхьIаьржа хIиттабо шайна гIодехарна, седа-жайна хьовсурш емалбо "хиндерг" лийцарна, ткъа церан клиенташ – царех тешарна.
- Кавказ.Реалии сайто шайга хеттарш динчу бакъоларъярхоша махкахь диктатура лаьтташ хиларца туьду Нохчийчуьра "нах къинIтерабоху" болам.