ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лилия. "Хьо паччахь йолуш санна хьуьйсу хьоьга шемахой"


1997-чу шарахь Пермера еара Лилия Шема дуьххьара. Пермерчу пачхьалкхан фармацевтан институтехь цуьнца цхьаьна доьшуш хиллачу шемахочо кхайкхинера иза хьошалгIа. Ахьмад кхуьнга безам болуш хиллера, шега йола а аьллера цо, амма Лилия реза ца хиллера. Шо хьалха хIусамда а велла, жимачу кIантаца ша йиссинера иза. ТIаьхьо, воккха хилча, кхуьнан воI Шемарчу набахте кхочу, ткъа Ахьмада Iеха а йой, декхаре йо иза шега маре ян.

Оьрсийн Свобода Радионо а, Настоящее Время телеканало а юкъахь йолийначу "Iарбийн буьйса. Оьрсийчуьрчу зударийн Шемара истореш" ("Арабская ночь. Истории россиянок в Сирии") проектан цхьа дакъа ду хIара текст.

Ахьмад вевзина шо даьлча маре кхайкхира со цо. Маьждигехь там-мах бира тхан, (со бусулба ю) цул тIаьхьа цхьана ханна Шема яха реза хилира со. 90-гIа шераш дара уьш: Оьрсийчохь со ехачу цIа чохь мафиозин структураш яра. Пермехь цхьаъ вуьйш, къола деш, хьийзош хан яр-кх. Суна лаьара кхечу мехкашкахь нах муха беха хьажа. КIант сайн ненаца а витина, Ахьмадца Димаьшкъа яхара со.

Боккхачу доьзалера дахар

Иракъан дозанехь йолчу Абу-Кемаль гIала дахара тхо Димаьшкъара. Цигахь бехаш бара Ахьмадан нах: цуьнан да а, десте а, 15 ваша а, йиша а. Дуьххьарлера аптека цуьнан дас схьайиллинера, цундела гIали чохь, вевзаш стаг вара иза.

Шайн ма-хуьллу со чуьра араяккха гIертара уьш: сан духар а, ас хIума яар а, сан шайга хьежар а ца тара царна. Iарбийн маттахь сох лаьцна дуьйцуш, кхаьрдаш, буьйлуш хуьлура уьш, со цхьана хIуманахь ца кхетара.

ДагадогIу суна, цхьана дийнахь Ахьмадан йоккхахйолчу йишас соьца дов эккхийтина, хIунда аьлча, ас хIоаш цхьа кхечу даьттанца кхаьрзина аьлла. Мохь хьоькхура цо.

Димаьшкъахь беха кхечу пачхьалкхашкара зударий
Димаьшкъахь беха кхечу пачхьалкхашкара зударий

Кхоъ-биъ бутт баьлча со а, Ахьмад а луларчу Дейр-эз-Зор гIала дIадахара. Цхьана контори чу юьгу цо со, вукху чу юьгу. ПIелгийн таммагIаш ийци соьгара. Чуьра арадовлуш, йоьлуш ас хотту: "И хIун дара ас динарг?" Цо жоп дели: "Вайшиъ зудий, майрий хили" аьла. ХIетахь ойла хилира сан: "Ца хуьлчву далхаь, къаста а хала дацара суна хьоьца" аьлла.

Туристийн визаца Лилиян бакъо яцара кхаа баттал а сов Шемахь хан яккха. Кхин а дуккха а ханнна цигахь йисса лаахь, балха яха бакъо еха езара, йа маре яха. Ахьмадна хаьара цунах лаьцна, амма Лилига ца дийцинера цо.

Тхойша цIа деача да оьгIазе хьийзара, доьзалера пурба а доцуш, хIунда ялийна ахь иза, бохуш. Леррина шен кIантана аьлла, кечйинчу аптекан кехаташ Ахьмаде дIадала дуьхьал вара да. ОьгIазвахнера Ахьмад, тIаккха тхайн хIуманаш тIе а гулйина, тхо Аль-Маядин гIала дIадахара. Цхьа жима цIа дара оха лаьцна, къен хан токхура оха. Наггахь ахча ца тоьара юучунна, луларчу зудчо гIо дора тхуна. Цхьа шой, ах шой даьлча ахча а хилла, со Перме юхаеара.

1999-чу шарахь ша Оьрсийчу юхайирзича, Ахьмаде телефон а тоьхна, ша Шема кхин цкъа а юхайогIур яц алар дагалоьцу Лилияс. ХIара дIатаса дагахь вацара Ахьмад, шайн дахар Оьрсийчохь дIанисдан гIоьртира иза. Казане дIадахара и шиъ. Цигахь дуьненчу елира церан йоI, Ахьмада схьайиллира секонд-хенд туька. Оьрсийчохь бизнес ян аьтто ца хуьлура, ши шо даьлча юха а Абу-Кемале, цул тIаьхьа Димаьшкъа дIабахара доьзал.

"Юха гIур яра, амма цIа дацара"

2011-чу шаран Зазадоккху-баттахь йолаелла лоруш ю Шемара конфликт. "Режим йохаре хьоьжуш ду халкъ" аьлла граффити ярна Деръа гIалара 10 шарера 15 шаре девлла бераш лийцира. Мисарахь а, Тунисехь а хIитточу демонстрацешкахь лелош йолу "Iарбийн бIаьстенан" лозунг яра иза. Лецнарш дIахецар тIедожош эзарнашкахь бахархой урамашка бевллера. Нуьцкъаша акци дIасайохочу заманчохь вийра масех стаг. Iедална дуьхьал демонстрацеш йолийра иштта кхечу гIаланашкахь а цхьана.

Димаьшкъахь чIогIа хазахетара суна. Хаза гIала ю иза. Хьо паччахь йолуш санна хьуьйсу хьоьга шемахой. Оьрсийчоьнан культуран центрехь мотт Iамо йолаелира со. Эвлахь цхьа доттагI яра сан - Одессера Тамара, цхьана хан токхура охашиммо. Ткъа Димаьшкъахь оьрсийн дийнна юкъаралла яра. Цигахь дахар мел а самукъане дара.

ТIаьхьо протесташ йолийра. Юьхьанца маьрша демонстрацеш яра уьш Димаьшкъахь новкхахула лелара, куьйгаш а детташ. Герз дацара лелош. Масала, соьга схьахьединера бевзачара: цига хьо ма гIолахь, мухабараташ терго ю латтош, тIаьхьа сингаттам боккхур бу хьуна цара аьлла.

Шемара демонстраци
Шемара демонстраци

2011-чу шарахь Димаьшкъана юьстах алавиташна юкъахь дехара тхо. Динан тоба ю иза, шайлахь Асад Башар а волуш. Демонстрацеш дукха мел хуьлу, хеза дуьйлира герзаш. Шен балкона тIехь йиттина бедар дIатосучу зудчунна хье юккъа герз кхеттера.

Герзаш диттинчул тIаьхьа Шемара урам
Герзаш диттинчул тIаьхьа Шемара урам

ДагадогIу суна, цхьана Iуьйранна кор диллира ас, арахь хенан хIоттам муха бу-те хьажа дагахь, цигахь нах ги суна автоматашца дIасауьдуш. Герзаш детта буьйлабелира уьш.

Бераш школе дIахьовсадора ахь, уьш дIа кхочур буй а ца хууш. Норас (йоI) дуьйцура, цхьана дийнахь шайн школана хьалха декъий дара бохуш. Цкъа бепиг духкучу майданехула йоьдучу суна а хезира автоматаш етташ. Суна ца хьара, стаг кхеравелча, ша хIун до а ца хууш, лаьтта охьавуьжий.

Тхайн документаш даим а тхайца леладора оха. Хьанна хаьа, Iуьйранна араваьлча юха цIа верзале хьан хIусам ца каро там бара.

ХIора денна гIаличуьра нах дIаэха буьйлабелира. Корейцаш, масала, дукха сиха шайн даймахка дIабахара. Царна тIаьххье китайхой а. ТIаьххьалц Шемахь бара немцой.

Шемара бахархой
Шемара бахархой

2013-чу шеран юьххьехь цхьабосса цIа бахара оьрсий. Векалте а вахна, МЧС-н кемана хаа дIаязвала везара, цул тIаьхьа цхьана пхеа кIиранчохь цара телефон тухура, катоххий аэропорте дIагIо олий.

2013-чу шеран Дечкен-баттахь Шемара дIабаха лууш хилла нах балош дуьххьара орцан министраллан кема кхечира Москва. ХIетахь векалтан тептарехь даймахка бахка лаам болу нах бIеннал жимма совэккхаш бара. 2014-гIа шо карадаллалц Лиля Димаьшкъахь Iийра.

Димаьшкъарчу Оьрсийчоьнан бахархошна эвакуаци еш, 2013 шо
Димаьшкъарчу Оьрсийчоьнан бахархошна эвакуаци еш, 2013 шо

Де-дийне хьал эгIаш дара. ХIора ког баьккхинчохь блокпосташ яра хIиттийна, юучуьнца а бала хьоьгура. Массо а хIума язлуш лаьттара.
2012-чу шеран Охан-бутт бовш сан кIант Эрик вайра.

Шен накъосташца таксица кхечу гIала ваханера иза, ши де делира иза зIене ца волуш. Сайна бевзачу нахехула хиира суна, иза набахтехь хиларх. Ши бутт баьлча маьршаваьккхира иза.

Цо дийцарехь, Димаьшкъара уьш арабовлучу хенахь блокпостехь совцийна хиллера уьш, ткъа церан машенчуьра герз даьккхинера.
Эрик бехке вацара, таксхочун хиллера и герз. Полицино дерриг а къастийна даллалц совцийна латтийра уьш берриш а. Тхайн аьтто ма-белли Шемара Германи дехьадевлира тхо.

Дукха гIадъяхна Димаьшкъа юхагIур йолуш яра со, амма меттиг бац. Сан доттагI яханера цига, цо бохура, тхо даьхна кIошт янне а яцара. Тхан цIа а дац. ХIинца Германехь дехаш ду тхо.

Германера Шемара мухIажарш
Германера Шемара мухIажарш

Евробертан мехкашка цхьана 2015-чу шарахь веара 1,2 миллион мухIажар. Германехь хIора шемахочунна мухIажиран статус елира. Цул тIаьхьа пхи шо даьлча хьал хийцаделира. Евробарт шен ма-хуьллу чуоьхучу мигрантийн терахь жимдан хьийа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG