ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Массанхьачул лакхара ю кхерамзалла Нохчийчохь"


Нохчийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а зуламаш кIезиг до, угггаре лакхара кхерамзалла ю оцу шина махкахь, Оьрсийчуьрчу регионашца дуьстича. Иштта гойту хьал пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло йовзуьйтучу карарчу шеран исс беттан криминалан статистико*.

Хастош болчу шина махкахь 9 бетта чохь, стохкалерчу беттанашца дуьстича, зуламаш лахделла 20,7%. Хьал дика гойту Iедало Адыгейхь а, Тывахь а, Бурятехь а, Оьрсийчоьнан йистошкарчу кхин а масех махкахь а.

Уггаре эшна ду криминалан хьал Оьрсийчоьно аннекси йинчу Севастополехь а, Петербургехь а, Сомленскехь а.

  • Бакъоларъярхоша дуккхаза а хаийтина кхушара Нохчийчуьрчу Iедало наханна тIехь низамехь йоцу гIелонаш ярх а, адамаш хIаллакдарх а лаьцна. Селхана баржийна бакъоларъярхойн "Мемориал" центро Нохчийчуьрчу Чечанахь нах лецарх, царех цхьа дакъа хIинца а къайлахчу набахтехь латтош хиларх лаьцна.
  • Хаамийн гIирсийн информацица, бутт хьалха лачкъийна Нохчийчохь лаххара а 53 стаг. Уьш лецаран бахьана дузу Кадыровн гоно IADAT телеграм-каналехь модератор лаьттинчу Тепсуркаев Салманан контакташ лоьхуш хиларца. Хьийзийначул тIаьхьа хууш бац Тепсуркаев къайлаваьккхина меттиг а. "Iазапна дуьхьалоечу комитето" ("Комитет против пыток") бахарехь, махкарчу ницкъаллин структураш ю иза вадийнарш.
  • Ши бутт хьалха вадийна, йиттина вийна Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу стеган гергарчу зудчунна операци кхиамза ерзорна Соьлжа-ГIалара хирург, Дагаев Салахь.

*Оьрсийчоьнан официало шен статистике оьцу аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а.

XS
SM
MD
LG